Къахетац дуьнена ваьллачу йа веллачу
стагах. Къахетац бахам, цӏай,
ахчий дайначу стагах а. Уьш цхьа а
цуьнан ма дац. Амма шен цхьаъ бен
доцу долалла – шен сий – дайъинчу стагах
кхоам хета-кх.
Эпиктет
Кешнийн кертара араваьлла Васал шен кха долчухьа дӏаволавелира. Тӏе къух даьлла дукъделла, йокъано лелхийтина иза гича, дуьненах догдолура цуьнан. Амма шен доьзалан дахар цунах дозуш волу иза, хьаьвззий воьдий, цунна тӏехӏуттура.
Хӏара къоьлла, хӏара харцо йара иза шен халкъах, даймахках ваьккхинарг, цуьнга шен дин хийцийтинарг. Моьттура, кху маьршачу лаьмнашкахь шена маршо карор йу. Амма оьрсийн помещикийн дӏаьвше мӏараш кхуза а кхечи. Цхьана кога гӏамий, вукху кога жӏарий лаьцна, кху лекхачу лаьмнаш тӏе хии ши корта болу цӏий муьйлу аьрзу. Цо дӏахуьйди эзарнаш нохчийн, оьрсийн цӏий, дӏайаьккхи цаьргара маршо, дӏабаьккхи мега болу мохк. Дӏа ког мел баьккхинчохь – каш, йартийн херцарш, йагийна бошмаш, йохийна хьаннаш, байлахь бисинчу доьзалийн узарш. Хьаннаш, чӏажаш декадо паччахьан тӏеман-колониальни гӏуллакххойн йаппарша. Вадарх ца вели Васал оцу харцонера, къизаллера, къоьллера. Амма кхузахь иза шен дегӏан да ву. Цуьнан зуда цхьаммо а сийсазйийр йац, цуьнан бераш толлучу жӏаьлех а, говрех а хуьйцур дац. Кхузахь адамаш къоьллина, къизаллина, харцонна кӏел ца совцу. Цара дера дуьхьало йо харцонна. Леш хилла ца баха, герз буйнахь леташ ле. Кхузахь цхьаммо а цхьаьнгге а шен цӏоганах серий ца доьттуьйту. Ша сийсазвинарг тухий вожа а вой, обарг волу. Маьрша а волуш къийсамехь ӏожалла тӏеоьцу. Иштта валар ловзар ду. Васална биц ца ло генара вина мохк. Цунна бус-буса гӏенах дуьхьалхӏуьтту иза. Боккха там хуьлу гӏенах иза гуш, ша цигахь ненан мотт буьйцуш. Ткъа самаваьлча, дуьне кхоьлина хетало.