– Данчӏас хӏумма а ала-м ца аьлла соьга?
– Хӏан-хӏа, – корта ластийра кӏанта.
– Хӏета, чехкка цӏа гӏо. Садовш лаьтта.
Баккхийчаьрца жимма ӏан лаьа кӏант дегаза цӏехьа волавелира.
– Ахь хьахийнарш хӏун совгӏаташ дара, Берса? – къамела тӏе йухавирзира Маккхал.
– Доцца аьлча, тешам бац арен тӏерачу йартех. Совдегарш, эпсарш кхуьуш бу цигахь, нитташ санна. Тӏе, керла йохкучу станицаша а, гӏепаша а, морзахо санна, йукъакъевлина и йарташ. Йерриг вайн дегайовхо Нохчмахкана а, Чӏебарлана а тӏехь йуьсу.
– Тешамза бевллачу нахана хӏун де вай?
– Цаьрца йолу йерриг зӏенаш йуххехула дӏахедайе. Амма, цхьа чо а вайн гӏуллакхна йамартло йахь, уьш кортойх бевр буйла а хаийта. Церан метта муьлш хӏиттор бу-те?
– Хаац, – ойлане вистхилира Аьрзу. – Ши-кхо де даьлча, Солтамурд волчу гӏур ву тхойша. Цунах дага а девлла, цхьа некъ лохур бу-кх.
– Шайна хуур шуна дан дезарг. Гӏаттаман тхьамданаш лахар, даим санна, хьуна тӏехь дуьсу, Аьрзу.
– Хӏинца, Берса, ахь дийцахьа хьайн керланиш.
Доттагӏийн цхьаьнакхетаран коьрта бахьанаш дийца деза хан тӏекхаьчнера.
– Сан хабарш хӏумма а вай даккхийдеш дац, кӏентий. Вайн махка тӏе керла станицаш, тӏеман чӏагӏонаш йахка ойла йу ӏедалан.
Цецваьлла Аьрзу бага гӏаьттинчохь висира.
– Ахь хӏун элира? – эххар а вистхилира иза.
– ӏаьржачу ломан, Гӏачалкха-дукъан когашца йолу йарташ Соьлжан аьрру агӏон тӏе а, Гӏебарта а кхалхийна,
Буритӏара охьа Хаси-Юьрта кхаччалц станицийн керла могӏа бан сацам хилла.
Маккхал сихха кхийтира оцу планан ӏалашонах.
– Йуха а цкъа Нохчийчоь тукарца йара доллу-кх. Оцу гӏуллакх тӏехь зеделларг ду ӏедалан. Мацах цкъа Соьлжа тӏехула иштта цхьа могӏа станицаш а йехкина, вайн вежарий гӏалгӏай вайх дӏакъастийра. Йуккъе зайл а тоьхна. Дӏабаханчу бехачу тӏамехь йа вайца цхьаьнакхета а, йа вайна гӏо дойла а ца хилира церан. Кхузахь керла хӏумма а ма дац. Даимлера политика. Тӏекхеттарг хӏинца Нохчийчоь масех декъе йекъар ду-кх.
– Нагахь вай йекъийтахь! – сацамболлуш мохь белира Аьрзун.
– Хӏинца ламанан Нохчийчоь аренах къасто гӏерта, – дуьйцура Берсас. – Органций, Хулхулоций хьала йолу шира чӏагӏонаш а тойеш, керланаш йогӏа ойла а йу.