Амма, мацца хилла а, декабристийн, Герценан, Чернышевскийн, Добролюбовн, Некрасовн, кхечийн а сатийсамаш кхочушхир бу Россехь. Халкъийн дац вовшашца мостагӏалла. Ӏедалан политико уьш хердина вовшех. Амма уьш кхетта догӏу. Россех йоккха набахти йина монархис. Халкъаша, цхьаьна а кхетта, йохор йу иза. Тӏаккха цуьнан херцорашна тӏехь Республика хӏоттор йу, Къосам. Ахь акха бу боху нохчий а кхета боьлла. Царна цхьатерра бӏаьрга бан ца беза Чермоевгӏар, Курумовгӏар, Ипполитовгӏар, Мустафиновгӏар, Белликгӏар. Амма Ивангӏаьрга хьошалгӏа оьху, уьш шайга а кхойкху. Жимма хан йаьлча, уьш вовшахкъасталур бац шун ӏедале. Ларлолаш, господин Курумов!
Берсега телхинчу стаге санна хьоьжура Курумов.
– Хьо-хьо теший айхьа дуьйцучух?
– Шеко йоцуш!
– Тамашийна болх бу-кх хӏара, – Курумовс корта хьовзийра. – Хьох тӏеман стаг ву, соьгахьчул тӏех ӏилма а долуш, дуьне а девзина, хӏетте а, беро а дуьйцур дац ахь дуьйцург. Халкъийн вошалла! Хӏун йу тӏом? Цуьнан ойла ца йина ахь? Тахана – тӏом, кхана – вошалла! Хьере ойла! Шина халкъана йа шина лагере декъаделлачу халкъийн мостагӏалла ма кхуллу тӏамо. Герз карахь тӏеман арахь вовшашна дуьхь-дуьхьал хӏоьттинчу шина халкъан шина векало ца лоьху оцу тӏамна бехкениг. Ца хоьтту мича къомах, динехь, басахь ву, къехо йа хьолахо ву, цуьнан хӏун ойла йу.