Гӏаланаш йан, латта лело, цомгашчарна дарба лело, доцца аьлча, стагана хаза а, дика а ваха ца ӏамадо. Уьш а, кхин а оьрсийн школехь хьоьху. Оьрсийн инарлаша Услара а, Бартоломейс а вайнехан эпсаран Къедин а, молла Янгӏулбин а гӏоьнца нохчийн маттахь жайна динера. Оьрсийн элпашца. Ши шо хьалха цара Соьлжа-Гӏалахь нохчийн маттахь бераш ӏамо школа йиллира.
– Вайнехан бераш дуй цигахь доьшуш?
– Хӏан-хӏа. Цигахь цхьа а вац доьшуш. Ши кӏира даьлча, дӏачӏегӏира.
– Дӏачӏегӏира? Хьан?
– ӏедало. Паччахьна а, цуьнан хьаькамашна а лаац муьжгийн а, кхечу къаьмнийн а бераша доьшийла. Стаг бодане хилча, ӏехо атта ма хуьлу. Ӏилма ца хуу стаг хьайба ма ду.
– Буритӏахь вайнехан берашна йиллина ишкол йуй хӏинца а?
– Иза-м йу.
– Со а, Соип а цига деша ваха воллу.
– Шуьшиъ дӏаоьцур вац.
– Хӏунда? Тхойша нахал оьшу?
– И дац иза. Цигахь деша ахча ма деза. Цундела, хьолахойн берийн бен ницкъ бац цигахь деша. Данчӏин ахча дуй дуккха а? Дац? Хӏета, хьан цӏахь ӏан деза. Цул сов, хьан да ӏедална муьтӏахь воций а хаьа. Цига деша воьдучун да-нана ӏедална тешаме хила а ма деза.
Болата доккха садаьккхира.
– Гой хьуна, ваши, ас боххучу тӏевеа хьо. Хӏинцца вара хьо кхин дуьйцуш.
– Ас хӏун дийцира?
– Оьрсийн ишколехь дешнарш вайн халкъан йамартхой бац, ца элира ахь?
– Ас-м хӏинца а боху. Цхьана ден-ненан бераш а ца хуьлу цхьатера. Цхьана куьйган пӏелгаш а дац цхьатера, олуш ца хезна хьуна? Цхьаццаверг, шен гӏуллакх нисделчхьана, да-нана а духкур долуш хуьлу. Ишттаниг оьшу ӏедална. Ишттачу нехан гӏоьнца халкъашна тӏехь урхалла латтадо цо. Кхиверг нисло даймехкан, халкъан дуьхьа шен са дӏадала кийча. Ишттачунна а ӏилмано гӏо до дахарехь шен халкъан маршонехьа къийсамехь нийса некъ къасто, оцу къийсаман бакъволу бӏаьхо хила.
Некъ беттасино серладаьккхинчу ирзуна тӏекхаьчча, жимма садаӏа сецира и шиъ. Говр йажа дӏахийцира. Кӏедо буц йолу меттиг а лехна, верта а даржийна, ул-улло охьахиира.