Сутарчу куралло хьекъал кхолийначу
стагана шена тӏебогӏу кхерам гац.
Эзоп
Инарла-майоран Муса Алхазович Кундуховн доларчу йуьртан а, мехкан а цӏе Скут-Кох йу. «Хадийна рагӏ» йа «Хадийна куьг» бохург ду иза хӏирийн маттахь. Ша цӏейаханчу хӏирийн элийн, тагиатийн, тайпанах хилла ца ӏаш, ткъа оцу тайпанехь а тоьллачу цӏийнах схьаваьллачу Кундухов Алхазан Мусин долахь йалхошца йоккха йурт а, тӏулгах доьттина исс цӏа а, дуккха а бахаман гӏишлош а йара.
Йуьхьанца мохк кӏезиг бара Кундуховн. Шен дех бисинарг. Цунах а, да веллачул тӏаьхьа бахам боькъуш, ах гергга Мусел воккхачу вешина Афакона кхаьчнера. Бакъду, дуьнен чу волучу хенахь ирсе кхаж баьллачу Мусин дахар тоделира. Ӏаламо хьекъал деллачу а, хьалдолчу ден доьзалехь кхиъначу а цуьнан аьтто хилира Россехь деша. Оцу заманахь Кавказан къаьмнех схьабевллачу кегийраша, къаьсттина ламанхоша, дахарехь тӏеман некъ бен ца къастабора. Цундела Муса а вахара тӏеман школе деша.
Дуккха а эпсарш шех хьоьгуш, куьцехьчу дегӏахь а, хьекъале а, тӏех майра а волчу Мусин аьтто хилира оцу новкъахь баккхий кхиамаш баха. Къаьсттина атта дара и кхиамаш баха иза виначу Кавказехь. Кхузахь цунна мохк а, къаьмнаш а, церан амалш а дика йевзара. Массо хенахь а оьрсийн эскаран командованин воцуш цатерг вара Муса. Шо-шаре мел дели, тӏекхетара чинаш, совгӏаташ. Паччахьо, дуьххьалдӏа чинаш, орденаш йелла ца ӏаш, шортта латта а лора шен инарлашна. Оцу совгӏаташа Алхазан Мусин мохк ши эзар бархӏ бӏе десятине баьккхинера.
Бакъду, оцу шен йуьрта а вирзина, чомахь ваха аьтто ца хуьлуш йаьккхира цо шен дахаран нийсса ах хан. Цо дакъалецира Шемалан заманан берриг а Кавказан тӏамехь. Венгрин революци хьошуш а уггар жигарчех цхьаъ вара иза. Тӏом чекхбаьллачул тӏаьхьа нохчий гуттар карзахбевллачу шерашкахь, Нохчийчоьнан округан начальник лаьттира иза. Ши-кхо шо дара, Хӏирийн округан начальник хилла, шен цӏахь хан токхуш иза волу.
Тахана, цкъа а ца хиллачу тайпанара, цкъацкъа воккхавеш, тӏаккха гӏайгӏане вужуш, башха вара Алхазан Муса.