– Тӏаккха – Тӏелхаг, Умалат, Эдил а, Дуба а. Доцца аьлча, халкъан тешам байна шух, ӏедална хьалха сий а дац шун. Шаьш мел дукха дахарх, ахь цӏераш йаьхначу нохчийн эпсаршка кхочур дац шу. Ткъа уьш хьан ӏаьржачу мӏеран меха нах а бац.
– Хаьа суна, Муса. Суна эша а ца оьшу ахь дуьйцу сий. Паччахьна сайн къам а духкуш оьцу чин, бахам ца оьшу суна.
– Амма, мел новкъа хуьлу хаьий хьуна, ахь ма-аллара, цхьа писаш коьшкала йовлар? Йа хьуна бен ца хета иза? Суна-м, ала дашна, со церан гихь лелаш бегӏийла хета.
– Хӏумма а дац. Жимма сатухур ду оха. Сихалло са диъна, собаро лам биъна, боху кицано. Цхьа де догӏур ду, уьш гира охьа а кхийсина, тхешан халкъ оха маьршадоккхуш.
– Хӏета, бакъданий нохчий керлачу гӏаттамна кечлуш хилар? – Сайдуллина пӏелг ластийра Мусас.
– Хаац. Ахь ма-аллара, тхан нах сох тешац. Оьрсашна гӏуллакх дечу тхох цхьаннех а ца теша уьш. Церан гӏуллакх къайлах ду. Амма тера ду цхьаъ вовшахдеттачух.
Мусиний, Сайдуллиний йуккъера къамел сецира. Хӏинца ойланашка ваьлла хӏор а цхьана кӏеззигчу йукъана дӏатийра и шиъ. Мусас ӏоттар йеш аьллачу дешнаша Сайдуллина карладаьккхира ша, Шемалах дӏа а къаьстина, оьрсашкахьа ваьлла де.
…Иза дара 1858-чу шарахь. Шемалан тӏеман ницкъан хьоста, цунна оцу ткъа шарахь гӏортор хила лаьттина Нохчийчоь, цӏаро йукъахьарчийна йогу гӏишло санна, тӏаьххьара бӏогӏамаш даьгна, кеглуш, тӏейетталуш йара. Шайн инарлийн майраллел, говзаллел сийначу цӏарах догйовхачу паччахьан эскарийн командованис цуьнца йагийра йарташ, хьаннаш, бошмаш. Мацаллой, цамгарший, къоьллой гӏелбина нах бӏаьрзе хьийзара. Цаьргарчу хьолах кхеттачу паччахьан инарлаша марсайаьккхира шпионаж а, агитаци а. Нуьцкъаша а, ӏехош а, оьцуш а, нохчийн йарташ шайгахьа йаха гӏертара уьш. Цхьайолчу йарташкара дийна бисина доьзалш гӏалгӏазкхийн станицашна герга кхалхабоьлча, ша ваьгначу вала воллийла хиъна Шемал а хьайра меттах.
Нохчех хаьдча, шен оьмар чекхйолийла хуу Шемал, вагийча санна, хьийзара. Кхузарчу наибашка дехаран кехаташ оьхура денна:
«Деган доттагӏчуьнга, сан наибе Тӏелхаге бусалба халкъийн тхьамданера Шемалера.
Вайн ницкъболчу Делера маршалла хуьлда хьуна!.. Вайн везачу Делан цӏарах массаьрга а