Амма массарел говза веара цунна тӏе Сайдулла: инарлашка цхьа а тайпа гӏо ца доьхуш, нохчийн ткъе пхиъ йурт гӏаттийна, имаман ӏедал дӏакхуссуш, уьш паччахьна муьтӏахь а йина. Евдокимовн воккхаверан доза дацара. Тӏелхагал тӏаьхьа Нохчийчохь уггар гӏараваьлла ши наиб – Сайдуллий, Ботукъий – цунна уллохь вара хӏинца. Инарло даггара сий дора оцу майрачу тӏемалочун. Цо иза вовзийтира мацах цкъа Хьалха-Мартана уллохь Сайдуллас йиттинчу эпсаршна. Тӏаккха, Жимачу Нохчийчоьнан наибан чин а делла, ӏасс а, Фартанг а хишца йолчу хьаннашкара обаргийн тобанаш йохо хьажийра цо Сайдулла.
Бутт хан йалале Сайдуллас цигахь цкъа а ца хиллачу кепара тийналла хӏоттийра.
Ницкъ эшна нохчийн йарташ тӏаьхьий-хьалхий оьрсийн караоьхура. Тӏаьххьара детталора оцу бехачу тӏеман дог – Нохчмахка. Хьаннаш хьоькхуш, шуьйра некъаш дохуш, тӏе мел нисвелла йурт йагош, Нохчмахкан кӏорге оьхура инарла Врангель.
1859-чу шеран апрелан хьалхарчу дийнахь йуьйжира йеххачу хенахь имаман столица лаьттина нохчийн йурт Ведана.
Ведана дӏалаьцча, инарло Барятинскийс приказ кхайкхийра эскарна:
«Сийлахьчу Дала толамца совгӏат делла шуна аш хьегначу къина: хӏинццалц эшо вайн ницкъ ца тоьъна дуьхьалонаш хирци, Ведана схьалаьцна, къарйина Нохчийчоь Сийлахьчу Государан когашкахь ӏуьллу.
Хастам хуьлда инарлина Евдокимовна! Баркалла цуьнан гӏоьнчашна!»
Толам декъалбеш, шатлакхна оцу дийнахь коьртакомандующин омрица Метехски гӏопехь бӏе цхьаазза йаккхий тоьпаш кхоьссира.
Шемал бӏаьрга сара кхетча санна хьийзара. Веданий, Даьргӏий йоьжначул тӏаьхьа ша нохчех догдиллинехь а, Шемална йуха а нохчех кхета лиира. Хӏинца Эрсана бийхира цо уьш.
– Шул майра халкъ дац дуьненахь! – бохура цо йуха а. – Динан нур ду шу, бусалбанийн гӏортор! Аш когадахийтира кху лаьмнашкахь доьжна ислам! Аш дукха цӏий ӏенийна оьрсийн, дукха хӏонс йаьккхина цаьргара, церан цӏарна цӏейахана нах йийсаре лецна аш! Шух кхоьруш детталора церан дегнаш! Хаалаш, со дийна мел ву, со шайн накъост, хьаша вуйла! Ас вайн везачу Делах дуй боу шуна, Нохчийчохь цхьа дитт ирахь мел ду, кхузара дӏа лам чу ца ваха!
Амма имаман хабар эрна дуйла хуу нохчий дӏасабахара.