Доцца аьлча, иттаннаш шерашкахь хаддаза лаьттачу тӏамо хӏу даре кхачош лаьтта мацаллой, къоьллой бӏарздина адам оьздангаллех дохо, кхаьънашний, айкхаллиний, йамартлонний ӏамо шатайпа, бӏаьргана гуш йоцу школа йиллира цо Нохчийчохь. Оцу тӏехь баккхий кхиамаш а бехира графо. Фельдмаршало Барятинскийс масех дашца сурт диллира Евдокимовн: «Вон хьехархо вацара граф. Ша кхолладелла жовхӏар, амма къиношца – куьйгана цӏена вацара иза, кхаьънаш оьцура…»
Ша йечу ойланашна шех эхь хийтира Михаил Тареловична. Оцу солдафонан карьерех иза хӏунда хьоьгу? Хӏан-хӏа, дайшкара схьа дворянех волчу Михаил Тареловича ша лахвийр вац цунах хьегарца. Евдокимовс болх куьйгашца бо, ткъа Михаил Тареловича – коьртаца. Тӏом чекхбаьлча, аддамна а мичхьа ву а ца хууш, массарна а вицвелла, шен графан титулца вуьсур ву Евдокимов, ткъа Михаил Тареловича шен хьекъалца гойтур долуш дуккха а гӏуллакхаш ду.
…Лаьмнийн баххьех хьерчачу кӏайчу мархийн сомалкхашка а хьоьжуш, кора уллохь лаьттара Михаил Тарелович. Гӏаргӏанан дуькъачу гӏашна йуккъехь «кӏур-кӏур» дора шина кхокхано. Лаьмнашкара схьа дагна там беш байн мох хьоькхура. И гӏайгӏане ойланаш дӏалахка санна, белшаш ойъуш, корта ластийра цо. Хӏаваэ ваьлла, волавелла, коьрте жимма садаӏийта ойла хилла Лорис-Меликов сацийра неӏарх чоьхьаваьллачу штабан начальнико полковнико Свистуновс.
– Коьртачу штабера пакет йу, хьан локхалла, – цӏена къаьстачу озаца вистхилира иза.
– Стоьла тӏе охьайиллахьа, – элира Лорис-Меликовс, полковникан элдарчу дегӏе бӏаьрг а тоьхна. – Нохчийчуьра хаамаш буй?
– Ичкерински а, Аргунски а округийн начальникашкара донесенеш йу.
– Керла хӏун дуьйцу?
– Башха керланиг а дац. Ламанан Нохчийчохь синтеме дац, халкъ бунт йан кечлуш ду, боху. Амма, цигахь дукхе-дукха леррина а, къайлаха а боккхачу гӏаттамна кечлуш буй-те аьлла, хета суна. Вайн ирсана, зуламхошна тӏаьхьа хӏинца цкъа кегийрхой бен ца хӏуьтту. Баккхийчарна эрна хета ӏедалца къийсар.
Лорис-Меликовс доккха садаьккхира.