сайн доьзал дӏахьажор бу, тӏаьххьара йоьдучуьнца со а гӏур ву.
Ши хьаша цецвелира.
– Хӏокху бахамна, хьайн доларчу йалхошна хӏун до ахь? Тӏехула тӏе, хьо-х паччахьан сийлахь инарла ву. Уьш дерриш а дитина, Хонкара махка ваха ойла йу хьан?
– Хӏунда йац? Сайна тӏерачу къинойх цӏанваларан дуьхьа, хӏара сайн бахам сагӏина а бекъна, холбата хаа а реза ву со. «Сийлахь инарла!» Ас хӏун до цунах? Кханалерчу дийнахь Далла дуьхьалхӏиттош, чинашца къестор дац адамаш, ткъа цара кху харцдуьненахь диначу дикачу а, вочу а гӏуллакхашца къестор ду. Сайн латта а, бахам а, оьцуш стаг хилахь, бухкур бу ас. Ца хилахь, дерриг а дитина, гӏур ву. Рицкъанаш Делан карахь ду, кӏентий, цигахь лохур ду вай вешан рицкъанаш. Шуьшиннан гӏуллакх цигахь вон ца хилийта дош а ло ас. Кхузахь шуьшиъ хӏумма а вац, ткъа цигахь шуьшинна лаххара а пашин чин далийта ницкъ бу сан.
Сайдуллин бӏаьргаш чу сутара цӏе кхерстира. Баккъал а, кхузахь, шен даймахкахь, мила ву иза? Мацах цкъа хиллачу наибан ӏиндагӏ а, сагӏадоьхурган тӏелхигашна тӏехула дихкина дешица, детица кхелина герзаш а, цунах бела санна, делла майоран чин а. Ша мел дукха вахарх, кхин лакхавер вац иза. Ша мел дукха вахарх, паччахьан ӏедална хьалха кхин сий хир дац цуьнан. Хьанна хаьа, шен ирачу туьрций, болатан дагций цо-м Турцехь ирсанна тӏе шена некъ билла а мегий.
– Нах ӏадда а битина, тхо цхьадерш тхаьш даьхкича, ца мега? – хаьттира цо эххар а.
– Хӏан-хӏа, Сайдулла, ца мега. Нагахь шайна, шаьш лоьруш, шайн сий деш, маьрша, ирсе цигахь даха лаахь, лаххара а пхи эзар доьзал кечбе шайца дӏабига. Шайна и ца лаахь, цаьрца цхьаьна шийлачу Сибрех даха кечло йа ӏожаллина йукъ йехка.
– Дика ду. Цӏа а вирзина, наха хӏун олу, хьожур ву тхойша. Маца хир ду цига кхалхар?
– Бӏаьстенан йуьххьехь, буц тӏейолучу хенахь. Амма хьовсур ду бохург дуьйцур дац вай. Дохо йиш йоцуш чӏогӏа вовшашна дош делла бен, дӏасакъаьстийла дац вайн тахана.
– Нахана хӏун лаьа а, ца хууш, дош дала хала ду, Муса, – къамелна йукъавуьйлира ӏелаха. – Цкъа, цӏа а дирзина, нахе хатта деза оха.
– Нахе хоттучу даьлча, гӏуллакх гена дер ду, кӏентий. Оцу гӏуллакхна йукъ а йихкина арабевллачу нахана ло аьлла, туркойн паччахьо ӏабдул-Межеда