Эксплуататорийн йукъараллин хьелашкахь
даим и прогресс кхочушйора, дукхахчу
къинхьегамхошна инзаре баккхий эшамаш беш,
ткъа цкъацкъа – дийнна халкъаш хӏаллакдеш.
В. И. Ленин
Гуьйренан тӏаьххьара бутт хаза беара цу шарахь. Кхоларш йоцуш декхна денош, дегӏана там беш къилбе бовха малх. Амма суьйранна-ӏуьйранна, лергийн тӏилдигаш зийзош, шело хуьлура. Дукха хан йара лаьмнийн баххьаш сирделла. Де дийне мел дели, лаьмнийн когашка гӏертара ло. Хӏинца а кхераме дара Гуьржийн-Бӏаьн новкъахула дӏасаваха. Делахь а, Кавказехь вина, кхиъна волу Михаил Тарелович ца кхоьрура кхузарчу ӏаламан буьрсаллех. Цунна дош ца хетара лаьмнашкахула, чӏажжашкахула тӏешарша кийчча кхозайелла лаьттачу лайн токхамаш кӏелхула и кхераме некъ. Ӏай бӏозза Тифлисе вахар гӏоле йара эккха йоллучу Нохчийчу ладоьгӏуш ӏачул.
Тифлисе селхана кхаьчнера Михаил Тарелович. Иза Кавказан столице валийнарг кӏезиг гӏуллакх дацара. Бакъду, йа Коьртачу штабан начальникна Александр Петрович Карцовна а, йа коьртакомандующина цуьнан Императорски Локхаллина воккхачу элана Михаил Николаевична а гуш бацара Кавказан ӏедалшна хьалха лаьтта кхерам.
Коьртакомандующис инарлина Кундуховна бакъо йелира Константинополе ваха а, нохчий Оттоманан империс чуэцаран, уьш цигахь дӏатарбаран хьокъехь туркойн правительствоца къайлах дийцарш дан а, бартбан а.
Бутт сов хан йара, гӏуллакх кхиамца чекх а даьккхина, Кундухов цӏа вирзина. Константинополехь волчу оьрсийн векалан инарла-майоран Игнатьевн гӏоьнца цо диначу дийцаршца церан барт хилира кхузара нохчий дӏакхалхо, ткъа туркойн правительствос тӏелаьцнера уьш шайн махка дӏаэца а, билгалйеш къастийначу меттигашка уьш дӏатарбан а. Коьртакомандующи а, цуьнан штабан начальник а тешна вара Кундуховн мисси кхиамца чекхйаьлла хиларх. Амма Кавказ а, Азин Турци а, кхузахь дехаш долу дерриг къаьмнаш а, церан амалш а, гӏиллакхаш а, шен пхи пӏелг санна, дика девза Лорис-Меликов резавацара бартан цхьана агӏонна. Оцу гӏуллакх тӏехь шина а правительствос шен-шен аьтто, пайда лоьхура. Хиллачу барта тӏехь Портан арахьарчу