Шиъ, дукха хьолахь, йалх сту йа бугӏа йоьжна схьагӏерта гуьржийн йеза ворда. Цуьнан стаммий йеза чкъургаш семанца хьийза. Дукъа тӏехь сераца бугӏанаш лоьхкуш вогӏу тӏелхигваьлла кӏант. Ши метр лекха чкъургаш йолу хӏирийн а, лезгинийн а ворданаш цӏийза, лерга поттанаш хӏиттош.
Урамо голатухучухула дӏахьаьвзича, пайто Эривански майдана йелира. Кхузахь иттех гӏулч тесча, Азера Европе волу. Амма кхузахь а йац цӏано. Гонаха даккхий цӏенош дина, тӏулг хьажоза, йукъ-йукъа гоьллец догӏуш оьрнаш дийлла майда. Аьхка кхузахь урамашца гоьллец йогӏуш чан хуьлу, ткъа тахана хатт бу, нитӏа а хилла лаьтташ. Майданна йуккъе йоьттинчу дечгаш тӏе а хевшина, вовшашка эладитанаш дуьйцуш ӏа мукъа гӏалахой. Кху майданна гонаха долчу цӏеношкахь йу Кавказски эскарийн коьрта штаб а, гӏалин полицин урхалла а, дежурни-инарлин урхалла а, тӏеман-топографически отдел а, инарла-квартирмейстран урхалла а, семинарски цӏенош а, кафе-ресторан «Опера» а…
Семинарна уллошха тӏех а йаьлла, коьртакомандующин резиденцин корпусашна уллорчу Коьртачу штабан цӏеношна хьалха сецира пайтон.
Цуьнан ширачу доттагӏчо Александр Петровича, даим а санна, везаш тӏеийцира Михаил Тарелович. Вовшийн доьзалшкара хьал-де а, беза-бевзарш а хиттинчул тӏаьхьа гӏуллакхех лаьцна дийцарш долийра цаьршиммо.
– Дийцахьа, хьомсара Михаил Тарелович, муха ду вайн нохчашца долу гӏуллакх?
Лорис-Меликов, резахилла, велавелира.
– Тӏехдика, ала ваьхьар ву со, Александр Петрович. Вайн агенташа доггах болх бо цигахь. Цхьаццаберш гуттар тӏех а бевлла, масала, Сайдулла.
– Ма-дарра дийцахьа суна, Михаил Тарелович. Селхана ду-кх цуьнан императорски локхалло цигарчу хьолах лаьцна соьга доклад йоьхуш.
– Чӏогӏа бакъахьа ду, – креслох дӏа а тевжина, гоьл тӏе ког баьккхира Михаил Тареловича. – Дукха хан йоццуш крайхь долу хьал толлуш чекхволуш, суна хааделира Турце кхалха ойла йолуш нах ӏаламат дукха хилар. Эло Тумановс а, инарло Кундуховс а йаздо, кхалха луучийн барам денна алсамбуьйлу бохуш.