Тахана ӏуьйранна дуьйна къаьсттина синтиэм байна хьийзара инарла-лейтенант Лорис-Меликов. Хаза ӏаьржа мекхаш долу цуьнан болатан басахь йуьхь хаддаза кхоьлина йара. Цкъа, воьдий, йоккхачу стоьла улле а хуий, цӏена кехат хьалха а узий, сихачу хотӏаца цхьаъ йаздан волалора иза, тӏаккха, гӏоттий, диллинчу коре а воьдий, сийначу мархашла а хьаьрчина геннахь гучу дозадоцуш дехачу сирачу лаьмнийн баххьашна тӏе а вогӏалой, хӏуттий лаьттара. Йуха, цӏеххьана ойланех самаваьлча санна, цӏенкъа баржийначу гӏажарийн кӏедачу куза тӏехула, тата доцуш, цхьана эшшара гӏулчаш йохуш, чухула дӏасаволалора.
Хӏокху «кавказски гӏуллакхан» ойла алсам мел йо, коьртехь цхьа чолхе уьйриг хӏуттура цуьнан. Дукхахчийн хабаре ладоьгӏча, кхузара тӏом чекхбаьлла, сагатдан а, ойла йан а бахьанаш дац олий, хетало. Амма кхузара хьал данне а тера дац генарчу Петербургера схьахьоьжучарна гуш долчух. Царна-м кхузахь машар а, тийналла а хила лаьара, амма иза а, важа а хила аьттехьа а дац. Кхузара хьал шен бӏаьргашна гуш волчу Лорис-Меликовна дика ма хаьа и дерриг а. Пачхьалкхана коьртехь болчу оцу вельможашна ца лаьара кху махкахь хӏиттина чолхе, кхераме хьелаш ган, уьш, нисдина, цхьана агӏор даха. Оцу нехан аьртачу хьекъало, бӏаьрзалло, мехкан йистошка уьш биэндоцуш хьийсаро тӏеттӏа карзахвохура инарла.
– Сонта кортош! – цергашна йуккъехь ӏовдуш, ши дош кхоьссира цо.
Хала дара, иза хьанна оьгӏазъоьху хаа: йа кхузахь машар хила ца буьтучу къармазечу ламанхошна, йа шен коча хӏара бала уллучу лакхарчарна. Схьахетарехь, гӏорасиз висинчу ша-шена барт беттара цо. Хӏара тӏегӏерта буьрса кхерам, иза сацо боцу ницкъ. Цуьнан кхерар бух боцуш ма дац. Кхузахь цӏеххьана хӏоьттинчу тийналлех вогу иза…