Церан лаьмнашкахь мелла а тӏехь йалта кхио мегаш йолу хӏор а кийсак, дайша инзаре чӏогӏа къахьоьгуш тарйина и кийсак, тӏаьхьарчу тӏаьхьенаша, йоӏбӏаьрг санна, ларйо, иза шайн рицкъанийн цхьаъ бен доцу хьоста хиларна. Оцу бахьанаша, цигара къаьмнаш вайна мел муьтӏахь дацахь а, догдохийла йуьту, Дагестанехь вайна дуьхьал гӏаттам хир бац аьлла.
Новкъа ду, Дагестанехь а, Теркан областан Малхбузей, Малхбалей шина отделехь а вайн урхалла чӏагӏдечу хьелех цхьа а нохчий бехачу Йуккъерчу отделехь цахилар. Кхузахь дерриг а вайна дуьхьалдирзина: оцу халкъан амал а, йукъараллин дӏахӏоттам а, ӏер-дахар а, ӏаламан хьелаш а. Нохчаша вайца биначу бехачу тӏамо цуьрриг а бакъахьа ца хийцина церан амал. Вайн эскарийн тохаршний, Шемалан деспотин ӏедалний йуккъехь бисинчу нохчаша, вайх ларбала а, Шемалан ӏедал дӏакхосса а шина агӏор бекъа ницкъ боцуш, шайн герз а, мекарло а цкъа вайна, тӏаккха Шемална дуьхьалйоккхуш, йуха шайн вовшашлахь леташ, текхна хӏара тӏаьххьара ткъа шо. Оцу шина а агӏоррий, йуха вовшашлахь бечу тӏамой хӏаллакбина церан оьздангаллех болу кхетам а, вовшийн лерам а. Кхерам-м хьовха, ӏожалла а дош ца хета царна. Кхерамах а, ӏожаллех а боьллачу царна оцу шина а бӏаьргаш чу хьоьжуш дерг бен дахар а ца хета. Хӏокху тӏаьххьарчу ткъа шарахь нохчийн цхьа а йурт тешна йацара ша тахана йолчохь кхана хир йу бохучух: цхьана агӏор вайн эскарша йохайора уьш, вукху агӏор – вай гергагӏоьртича, Шемала нуьцкъаха кхечахьа кхалхайора. Мохк йалтина дика, токхе хилар бахьана долуш хӏаллак ца хуьлуш дисина и халкъ, амма адамашха терра дахар бохучух кхетам а, тешам а байна церан. Демократизм уггар а лакхарчу тӏегӏан тӏехь йара церан даим а. Сословеш а, тӏаьхьенга лун ӏедал а хӏун йу-м, муххале а, ца хаьара царна, атталла цхьа а тайпа ӏедал тӏелаца а лаац. Иза-м хьовха, «приказ» боху дош а дац нохчийн шайн маттахь…»
– Цул а, хьерадаьлла халкъ ду иза аьлла, доцца йаздинехь, – доккха садаьккхира Лорис-Меликовс, – кошо бен нисдийр доцуш.