Нохчий цига баха ховшийча, дозанашкахь вешан кордонаш хӏинца йолчел шозза-кхузза алсамйаха дезар ду вайн. Амма тӏаккха а цигара доза ӏалашдар хӏинцалерчул вочу хьолехь а хир ду. Нохчийчуьра пхи эзар туземни доьзал дӏабаьккхича, Теркан крайхь вайна хуьлуш болу пайда тӏепаза бойъу туркойн правительствос уьш Россин дозанашца йолчу шайн областашка охьаховшоро. И барт биначу инарло Кундуховс, графо Игнатовс шайгара доккха гӏалат далийтина, амма иза нисдан вайн хӏинца а хан йу.
Михаил Николаевич, хьала а гӏеттина, чухула дӏасаволавелира. Лорис-Меликов тӏеоьцуш цо тоьхна хан тоххара чекхйаьллера. Хӏара хӏинций-хӏинций чукхочу бохуш, собар кхачийна ӏаш хир йу Ольга а. Амма графо дуьйцург а ду доккхачу маьӏне гӏуллакх. Дӏатетта йиш йоцуш. Ша ӏачуьра хьала а гӏеттина, хӏоьттина лаьттачу шина инарлина уллохь саца а сецна, Лорис-Меликовна тӏевирзира иза.
– Ахь далийна дерриг бахьанаш, масалш нийса ду, хьомсара Михаил Тарелович, – элира цо, лоха стоммачу Лорис-Меликовга лакхара охьа а хьоьжуш. – Ткъа хьан хӏун планаш йу?
– Хьан Императорски Локхаллин пурбанца цунах лаьцна сайна хетарг эр ду ас, – корта таӏийра Лорис-Меликовс. – Туркойн правительствос гайтинчу меттигашка нохчий кхалхийча, вайна хуьлу зулам гучу ас, хьоьгара цхьа гайтам хиллалц, и гӏуллакх дӏа ца доладойтуш, сацийна инарла Кундухов. Суна хетарехь, нохчий кхалхоран кхо некъ хӏутту. Хьалхара, туркойн правительствос инарлина Кундуховна гайтинчу меттигашка нохчий кхалхо резахилар. Шолгӏа, оцу меттигна реза ца хуьлуш, йуха а тоьхна, уьш Эрзинджанна а, Эрзерумна а, Диарбекирна а малхбузехьа, вайна кхераме хин боцчу дӏатарбар тӏелоцуьйтуш, туркойн правительствоца керла дийцарш долор. Тӏаьххьара некъ, нагахь кху карахь йолчу хенахь туркойн правительство вайга оцу барта тӏе ца йаккхалахь, нохчий кхалхоран гӏуллакх цхьана аьттоне дӏататтар.
Воккха Эла, шен нийсачу букъа тӏехьа ши куьг тӏекӏел а диллина, куьзга санна, къега, настаршна тӏехь йича санна, кепехь хроман эткаш цӏийзош, вист ца хуьлуш, вехха чухула волавелла лийлира.
– Ахь хӏун олу, Александр Петрович? – хаьттира цо, Карцовна уллохула волуш, саца а ца соцуш.