тӏелхигашна йуккъехула схьакъеда пӏендарш, пханарш. Чӏораш санна, йуткъий настарш, пхьаьрсаш…
Шеца шуьнехь болчу накъосташка хьаьжира Мӏаьчиг. Уьш йууш бара, амма церан бӏаьргаш чохь а гора изза гӏайгӏа. Хьанна хаьа, церан доьзалш йиъна бийшина хила а мега. Цкъа ойла хилира Мӏаьчиган цхьа-ши йуьхк къайллаха чета таӏо. Цхьанна гахь, хӏун дан деза? Ца гойла-х дац. Тӏаккха-м эхь ма ду кийчча. Мовладе вахча, сискалан йуьхкаш лечкъайо бохуш, вуьйцур ву. Амма бераш иштта дуьтийла-м йац. Мовлад доьшуш йуккъе диллинчу бепигах даьккхина шена делла цастар-м дитинера цо царна. Амма иза цхьанна логах хьаккхал а дац. Ткъа кхуьнан цӏахь уьш йалх ду…
Мӏаьчигна хӏинца а шена гуш хетара ша цӏера араволуш гӏийла тӏаьхьахьийсина берийн кхоьлина бӏаьргаш. «Ахь-м йуур йара, ткъа – тхо?» – хоьттура цара.
«Текхахь йисинарг, тӏаьхьа а сецна, дӏалачкъор ас», – сапаргӏатвелира Мӏаьчиг.
Амма текх дассалора, чу нуй хьоькхуш санна. Чуьра жижиган цуьргаш кхачийна йисинчу чорпи чухула дуьхь-дуьхьал ӏайгаш хьоькхура накъосташа. Ткъа Мӏаьчиган къамкъаргал чоьхьа хӏинца а цуьрг ца даьллера.
«Тӏейохьург хир йу цара…»
– Хьо ма ледара веттало, Мӏаьчиг? – эккхийтира Гӏойтамара, цуьнга а хьаьжна. – Вай йиъначух Шахьбин хьал кхачалур дац. Хӏей, мила вара хьо, Янаркъа! Кхузе сискал а, гӏурма а дал.
Ший тӏам лаьцна, кхаба а айъина, цхьанхьа-м хьаьдда воьдучу Янаркъас, тӏе а веана, кхарна хьалхара бога, дуккха а жижиг дуьллуш, гӏурмех дуьзира. Тӏаккха цӏеххьана йаа вуьйлира Мӏаьчиг. Йоккха йоккхий сискал, цкъа-шозза ӏовшуш, тӏе чорпа а молий, гай чу оьхуьйтура. Сихбелла дӏасалелара логан ира шад. Йуха а ши сискал а, цхьа кхаба гӏурма а деара Янаркъас. Хӏинца шеко йацара йуург царах йуьсург хиларан. Амма Мӏаьчиган сапаргӏат ца делира, накъостий, «алхьамдулиллахӏ, Дала ма эшадойла хьо бусалбанна а, керстанна а» аьлла, шуьна тӏера дӏахиллалц. Тӏаккха текхахь йисина сискалан кхо йуьхк цхьацца йуллуш къайлаха чета йоьллира цо. Царна тӏаьххье йахара жижиган масех цуьрг а. Цара накха багабора Мӏаьчиган. Амма цо садеттара. Сатухур дара, цӏийделлачу эчиго санна, накха чахчош хилча а. Хӏинца-м майрра цӏа гӏойла дара цуьнан.