бийшийна, ӏачу. Тӏейуха а, когайуха а йац. Дохка даьхний дац. Тхо муха гӏур ду цига?
– Дӏакхаьчча, цигахь а хӏун хир ду тхох? – тӏетуьйхира уллохь лаьттачу Ибрахӏима.
Жоп дала кечвелла ӏачу Мадина хьалхаиккхира Шахьби.
– Цӏахь ӏийр ду-кх, цӏахь! Йаа шортта хьакхарчий хир йу шуна. Зударшна, йоӏаршна шарбалш йеш, къахьега а дезар дац. Эцца, салташца хьатӏари а беш, дӏалелар бу! Кӏентий салтбохур бу. Цӏахь ӏе шу, цӏахь!
Шахьбин шогачу дешнаша догдатӏийнчу Мӏаьчиган и човхо ойла хилира. Амма, ша цуьнан хӏусамехь а, хӏинцца цуьнан шуьна тӏера гӏеттина а хилар дага а деана, сацавелира. Четарчу сискалан йуьхкаший, жижиган цуьргаший хаийтира тховса Мӏаьчиг цуьнца гӏиллакхе хила везар.
– Оха хоьттург-м хазахета даций, Шахьби, шуьгара хьехар оьшуш хоьтту, – бехкбаьккхира цо.
– Нийса хоьтту, нийса, – шозза-кхузза корта таӏийра Мадас. – Шаьш цакхетарг хатта аш. Хаьа, аьтто боцчарна хало хир ду. Амма кхин цхьаъ ду. Мухха а цига дӏакхачавелларг ша махкахваларх дохковер воцийла-м хаьа суна. Хонкаран паччахьо ша волчу дӏабоьху шен динан вежарий. Хӏара кехат ду цуьнгара.
Мадас, гӏовталан хьалхарчу доккхачу киснара схьадаьккхина, деалха тоьхна кехат шена уллорчу Шахьбига кховдийра.
Шахьби цуьрриг цец ца велира оцу кехатах. Схьахетарехь, цунна хьалха а гина, цо дешна дара иза. Шена уллохь хиъна ӏачу Зуре делира цо иза, тӏехула бӏаьрг тоьхна. Цхьа элп а цахуучу Зурас, иза ӏаьрбийн йозанца йаздина дуйла хиъча, бисмилла а аьлла, шена уллерчуьнга дӏакховдийра. Кехат, кар-кара доьдуш, чухула го а баьккхина, йуха а Мадин гӏовталан кисана дахара.
– Хӏокху кехатца Хонкаран паччахьо ӏабдул-Межеда шен махка дӏадоьху вай, – элира цо, шен цӏечу можах куьг а хьаькхна. – Вешан доьзалшца, цатору йийбар а эций, дӏадуьйла, боху. Мохк къастийна, хӏор а доьзална шена-шена цӏенош дойтуш ву ша, боху. Вайна хӏусамаш кечйеш гӏо деш бу цигара вайн муъма вежарий – туркой. Бӏаьсте ма-йоллура новкъа довла, боху. Цкъачунна дуучу йалтин а, дуьйчу хӏунан а гӏайгӏа ма хила, боху. И дерриг а маьхза лур ду, вай кога ирахӏитталц гӏо дийр ду ша, боху. Хаза резадоллуш шу даха ховшшалц, ӏедало шуьга цхьа а тайпа текхамаш бойтур бац, боху. Шун