кхузза-доьазза лакхара мах а луш.
Дерриг эладитанаш дийцина ваьлча, гӏеттина, ӏелагӏаьргахьа дӏавахара ши доттагӏ. Цигахь даим а карадо керла хабарш. Ӏелин рагӏу кӏел жима пхьалгӏа йиллина Андрейс. Цигахь адам лаьтта ӏуьйрре дуьйна сарралц. Шайн тиша-киша дагарш, шаданаш, белаш, целаш, хьонхалш, пхатоьданаш, чкъургийн милкаш, хӏазарш дохьуш богӏу нах. Мискачаьргара мах ца боккху Андрейс.
Андрейгӏар цаьрга баьхкичхьана, ӏелагӏаьрга лилха воьдура Васал. Уьш цабезар а, ган цалаар а дацара иза. Уьш гича, ненан маттахь къамел хезча, хӏара дерриг дуьне шена хилча санна, хетара цунна. Амма ша хӏор а дийнахь сих-сиха уьш болчу ихча, йуьртарчу нахана хӏун хетар-те олий, ойла йора. Хӏетте а, цӏера ара ма-веллинехь, цуьнан шен бертаза когаша цига дӏавуьгура Васал. Ша къамел кӏезиг дора цо хьешашца, наггахь хаттар а деш, церан къамеле ладоьгӏуш ӏара. Иза а доккха ирс хетара цунна.
Ӏелагӏарна гергагӏоьртича, цигара схьа жӏаьвнан а, варзапан а татанаш ца хезча, цецвелира Васал. Дийнахь сарралц болх кхехкаш ма хуьлура цигахь. Ткъа хӏинца тийна дара. Делкъе йен хан а ма йац. Шаьшшиъ кертал чоьхьаваьлча, рагӏу кӏел Андрей, Берса, Яшка, Маккхал а гира царна. Берсин каралаьцна йиллина книжка а йара.
Массеран куьйгаш лоьцуш, маршалла а хаьттина, тишачу ворданан ӏаьрчеш тӏе охьахиира Васал а, Мӏаьчиг а. Берсе хьал-де хаьттира Васала.
– Могаш-дийна ву со-м, Васал, – самукъане жоп делира Берсас. – Хӏокху некъехь Шемалах лаьцна цхьа тамашийна книга карийна суна, Васал. Цхьа хӏуьнехдинчу капитано Руновскийс йазйина хӏара. Ӏедало пурстоп вина, леррина вайн имамна тӏехӏоттийначу. Дуккха а тамашийна хӏуманаш дуьйцу цо. Вай кхузахь цецдуьйлура, паччахьо шайх Мансур а, Бойсагӏар а вийра, ткъа Шемал дийна витина бохуш. Бехкбуьллийла дац паччахьна. Хӏара Шемал цуьнан тешаме хьехамча хилла дӏахӏоьттина. Шен муьтӏахьалла гайта гӏерташ, баттара вуьйлу. Паччахьан инарлаш уггар гергара доттагӏий бу цуьнан. Вайн къамкъаргаш ӏийда ӏамабо уьш.
– Хьо теший оцу Руновскийс йаздинчух? – хаьттира Андрейс.
– Хьуна бакъдерг хаа лаахь, Андрей Никитич, сан корта хьовзийна кху книго. Шемал къиза-м, дера, вара. Шел