И Росси йоккха йу, ма боху, дикачу дойшна тӏехь шарахь цхьана маьӏӏера вукху маьӏӏе а ца кхачалуш. Ткъа муьжгийн латта дац, тов, цхьа буй а! Ӏаьлбаг ца теша сила долчу оьрсийн доккхачу халкъана тӏехь кӏеззигчу помещикаша къиза ӏазап далладо бохучух. Цхьа а тайпа жоьпалла доцуш, стагана муха йетта, цунах йохк-ецар муха йо, вен муха вуьй ткъа? Хьалдолчара къечийн зударий хьийзабо, тов? Халкъ ца гӏотту-те оцу къизачу йовсаршна дуьхьал? Дукха гӏиттина, боху Берсас. Дукха тӏемаш хилла, боху, къечарний, хьолахошний йуккъехь. Амма хьолахой тоьлуш дирзина даим а. Уьш кӏезиг боллушехь. Паччахь, ӏедал, эскарш хьолахошкахьа ма ду. Эскарш ду дика герзаца кечдина, царна тӏехь куьйгалла деш говза инарлаш. Муьжгийн хӏун ницкъ бу? Дагарш, шаданаш, мангалш. Царна коьртехь а, дера, хилла хьекъале, майра тхьамданаш. Амма – бодане. Тӏе хала а ма ду муьжгий цхьаьнатоха. Тахана кхузахь гӏовтту, ткъа уьш хьаьшна бевлча, кхана – кхечахьарниш. Барт бац. Цундела паччахьан инарлаша уьш роггӏана хьоьшу.
Малхбузе мехкашкахь маршонехьа къийсамехь адам бертахь гӏотту, боху Берсас. Цигахь заводаш, пабаркаш йу дуккха а. Цигара белхалой мелла а кхетаме а, цхьабарт болуш а бу. Цхьа хӏуьнехдинчу Германехь цхьа-ши стаг ву, тов, хьекъале. Халкъаш шайн маршонехьа къийсамна ӏамош. Хьолахой, къехой, ӏазапдаллорхой, ӏазапехь берш а боцуш, массо а цхьатерра бакъонаш йолуш адамийн йукъаралла хӏотто гӏерташ. Оцу шина хьекъалчин тоба стамлуш йу шо-шаре мел долу. Малхбузехь-м хьовха, кхузахь, Россехь а.
Цаьршиннан жайнаш ду оьрсийн матте гочдина. Россехь а кӏезиг бац мискачу халкъехьа гӏодохурш. Хьекъале, майра къонахий. Уьш паччахьний, цуьнан ӏедалний дуьхьалбуьйлу. Оьрсийн-м хьовха, кхечу къаьмнийн а маршонехьа къуьйсу. Кӏезиг бац ламанхошкахьа гӏо доккхуш шайн аз айъинарш а. Цара а йаздо жайнаш, назманаш.
Иштта назманаш нохчийн маттахь йийшира Берсас:
Маршалла хьоьга, къоьжа Кавказ!
Хьан лаьмнийн хийра некъахо вац со.
Цара со жимчохь дуьйна хьистина,
Стигалан йесаллех а волийтина.
Хӏетахь дуьйна ас сатуьйсу даим
Къилбенан стиглане, лаьмнийн баххьашка,
Ма хаза бу хьо, маршонан буьрса мохк,
Ӏаламокхоьллина паччахьаш…