биллина, букархьаьвзина йоллу иза. Ӏаддаргӏа санна, хьаьвзина цуьнан буткъа букъ. Хьалхе ду. Шовзткъа шо а кхачале, къанйелла. Цхьана хенахь Гати-Юьртахь уггар товш йоӏ йара иза. Къоьлло ца деш хӏун ду!
Куьйгаэшара лоьхуш, схьа а дохуш, баьӏаш йуьстахтуьйсу цаьршимма. Цхьа тамашийна, мара багош, кӏон хьожа йогӏу тӏергӏан тхонкех. Шело, мацалла, муьста хьожа.
Тӏелхигийн барз меттахъхьайра. Ха харца гӏоьртинчу йоӏа меттахйехира нанас леррина гонаха теӏийна тӏелхигаш. Йуьстаха ӏуьллучу кӏентан дерзина дегӏ гучуделира. Чӏораш санна, дуткъий пхьаьрсаш, хада доллу ӏаьржа лаг. Букъа тӏе летийча санна, тӏехевшина пханарш, тур санна, ира букъан сурт. Хьала а гӏеттина тӏейаханчу Зарус дӏахьулдира вешин дерзина дегӏ.
Шахьбигӏаьргахь мовлад хиллачул тӏаьхьа бутт сов хан йаьллера. Эвлара дикка нах бара Хонкара кхалха сацамбина. Амма Мӏаьчиган ойла йиллина керчара. Бус-буса хуьлура цуьнан Зазуца оцу гӏуллакхах лаьцна къамел. Йа хӏаъ а, йа хӏан-хӏа а ца олура зудчо. Хьайна луъург де олий, йоьлхий дӏайоьдура. Амма тховса тӏаьххьара а сацам тӏеийцира Мӏаьчига. Къечу кхерчахь гӏийла йогучу цӏаре бӏаьрг а бетташ. Хӏара дуьне иштта къиза дуучул-м, цхьанхьахула дӏа а вахана, йа адамашка терра ваха хаар, йа велла дӏавалар гӏоли йу. Хала-м, дера, ду винчу махках валар. Иштта а, вуьшта а, цунах воккхур ма ву иза, пусар доцуш. Тӏаьхьа салтий а хӏиттийна. Лаьллина хьалха а ваьккхина. Эзар шарахь кхузахь вахарх, чу са а догӏур дац, муха догӏу, дуьйш-дерзош кха а, керта догӏуш хьайба а ца хилча. Уьш хир ду ала меттиг а буй ткъа? Кху ӏедало догъэтӏош вуьйр ву кхузахь-м. Хӏан-хӏа, Хонкара дӏагӏур ву иза. Кхин хӏума дацахь а, латта-х лур дай цигахь. Лаьттаца ма ду цуьнан дахар. Латта ца хилча, велла ву иза. Цӏенош дар Мӏаьчигна дош ца хета. Уьш-м цо оцу тӏаьххьарчу ткъа шарахь лаххара а ткъозза дина. Цхьана дийнахь паччахьан эскарша дагош, шолгӏачу дийнахь оцу овкъарш тӏехь цо йухахӏиттош. Коьртаниг – бераш ду. Сибрех лахь, ша а кийрахь лийр ву иза, тӏаьхьадуьсучу берех керстанаш хиларна кхоьруш. Ткъа бусалбанан махкахь валар-висар цунна болх ца хета.
Неӏаран тайпа, гӏорийна тата а доккхуш, йеллайелира. Шело,