– Хӏаъ, хьомсара Муса Алхазович, хӏинца йац хьалхалера Нохчийчоь. Керла гӏеттина Шемал шаре а вер вац. Царна лаахь а, ца лаахь а, нохчий санна, бодане, тӏаьхьадисина кегийра къаьмнаш даккхийчарна, нуьцкъалчарна кӏел ца севцча довлац. Баккъал а аьлча, иза царна шайна пайдехьа а ду.
Ша дӏасатехко пресс йуьстаха а йиллина, шен къамелхочуьнга хьаьжира Кундухов.
– Хьо бакълоь, Михаил Тарелович. Рыцарийн, витязийн зама дӏайаьлла. Ахь ма-аллара, ткъа шо хьалхалерниг йац Нохчийчоь. Хьалхалерчу шен оьздангаллех доьхна и халкъ. Хӏокху тӏаьххьарчу ткъа шарахь шина цӏарна йуккъехь латтийра иза. Цхьана агӏор – Шемалан деспотин, вукху агӏор – вайн къизаллин. Шина а агӏорчара мало йоццуш дика болх бира, и халкъ таханлерчу хьоле доккхуш.
– ӏаламан законаш хийца ницкъ бац-кх вайн, – ши куьг дӏасатесира Лорис-Меликовс.
Ши инарла цхьана йукъана дӏадаханчу шерийн ойла йан вуьйлира.
1839-чу шеран аьхка, шеца кхойтта эзар салти а, ткъе итт йоккха топ а, виъ эзар гергга дагестанхойн милцо а волуш лаьмнашка ваханчу инарла Граббес го бира Шемал чукъовлавеллачу Ахульго йуьртана. Буьззинчу шина баттахь турпала дуьхьало йиначул тӏаьхьа йуьйхира имаман тӏаьххьара чӏагӏо. Цигахь ӏожалла хилира Шемалан йишин, зудчун, жимачу кӏентан.
Ворхӏ накъостца кӏелхьарвала аьтто нисбелла Шемал, шен доьзалца цхьаьна йаккхий халонаш а хедош, лаьмнашкахула лечкъаш, ведда, шен доьзалца Нохчийчу веара.
1785-чу шарахь дуьйна схьа оьрсийн эскаршна дуьхьал хаддаза къийсам латтош йара Нохчийчоь. Йуьхьанца цунна коьртехь шайх Мансур вара, тӏаккха – массанхьа а цӏейахана Таймин Бийболат. Цхьана йоццачу ханна соцура тӏом, амма къийсам бацара цкъа а соцуш. Малхбале Нохчийчоьнан бахархоша къобалвина тӏелецира цкъа хьалха Гӏеза-молла.
Амма инарла барон Розен коьртехь цига йинчу экспедицеша, кхузткъа йурт а йохош, къиза хьаьшира Нохчмахка.
Шемалан имамаллин хьалхарчу пхеа шарахь оьрсийн инарлаш кӏезиг гӏертара Нохчийчу, амма цуьнан малхбале декъа тӏе, Нохчмахка, сих-сиха экспедицеш йора. Цунна шен бахьанаш дара командованин.