мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, къамел долийра. Шен маьхьаречу озаца, амма парггӏат, чам боккхуш санна, массо дош дахдеш, цхьана ткъех минотехь къамел дира цо. Гулбеллачу наха тапъаьлла ладоьгӏура. Царна йуккъера ши-кхо стаг воцург, цхьа а ца кхетара цо дуьйцучух. Бакъду, иза туркойн а, Мусин а цӏе йаха воьлча, царна хиира цо дуьйцург нах Хонкара кхалхарх лаьцна дуйла.
Полковник, шен къамел чекхдаьккхина, Ботега хьаьжира. Корта таӏош, цуьнга дӏа а хьаьжна, гонна йуккъе ваьлла, дӏахӏоьттира Бота.
– Хӏан-хӏани, гатийуьртахой! Хӏокху шуна хьалха лаьттачу эпсарех цхьаъ, шуна ма-вовззара, Нохчмехкан округан начальник ву, ткъа хӏинцца шуьга къамел динарг Теркан областан начальнико, Цуьнан Локхалло инарла-лейтенанто Лорис-Меликовс ваийтина полковник Муравьев ву. Областан начальникан а, Цуьнан Императорски Локхаллин, Кавказан сардалан воккхачу элан а бартаца хӏара полковник нохчийн йарташка хьажийна, Хонкара кхалха ойла йолчу нахе къамел дан, уьш кхето. Вайнахана йуккъехь эладита даьржина, бӏаьсте йаьлча нохчашкара цкъа герз, тӏаккха латта дӏадоккху, йуха, махках баьхна, оьрсийн махка а бигна, цигахь дуьне ма-дду уьш баржор бу, кхуза баха гӏалгӏазкхий ховшор бу бохуш. Оцу эладитано догдаьккхина дуккха а нах бӏаьсте йаьлча дийнна йарташца Хонкара кхалха кечлуш бу. И ойла йолуш нах бу шун кхузахь а. Сардало хӏара полковник ваийтина нахе и хабарш бух боцуш хилар хаийта. Шуьгара латта цхьаммо а дӏадоккхур дац, мелхо а, шуна тӏечӏагӏдийр ду, боху хӏокхо. Шу махках даха ойла йац ӏедалан. Шу салт даха дага а ца деана. Ӏедалан хӏун гӏуллакх ду, шу махках дохуш, шена бала бан? Амма кхин цхьаъ ду, боху хӏокхо. Шайна латта тоац бохуш, диллина ӏедале деш аьрзнаш ду, боху, шун. Ӏедалан дац шуна дала латта.
– Хир ду, тхоьгара дӏабаьккхина мохк йухаберзабахь! – йуккъера схьа мохь туьйхира цхьаммо.
– Хьайна белларг схьало!
– Гӏовгӏанаш! Дийцина валийта!
– ӏедал шера кхета шуьгарчу халачу хьолах, – шеквоцуш шен къамел дора Ботас. – Амма йоцчунна тӏера шарбал йаккхайелла йац ворхӏанга а. Доцург – доцуш ду. Шуьгара ӏазап гучу инарло Кундуховс, ӏедало шега аьлла хӏумма а доццушехь, сардале