Уьш тарлур бу цигахь. Ткъа ши куьг ластийна царна тӏаьхьахӏиттина шу хӏаллакьхир ду. Хьегахь – вон а вешан махкахь хьоьгур вай, хьегахь – дика а кхузахь хьоьгур вай, мацалла лахь – цӏахь лер вай…
– Сибрех дахийтича а, лийр ду-кх вай, Маккхал! – къаьхьа мохь белира хьалха лаьттачу Мӏаьчиган. – Вайл тӏаьхьа дисахь, берех хиндерг а хаьа-кх.
– И хир дац, Мӏаьчиг. Дала хуьлуьйтур дац ишттаниг.
– Ткъа вайн махка эскарш стенна гулдо?
– Латта дац вайн, мацалла дала деза вай?
Маккхала пӏелгаш даьхна конжех тера шен аьтту куьг хьалалецира.
– Хаьа суна, вайн латта доцийла. Хаьа, делла дӏа ца довлуш, вай сауьйзий. Хаьа, вайн махка эскарш уьйзуш дуй а. Хьала а, охьа а нийсса ах нах кхузара цхьана агӏор баха ойла йу ӏедалан. Цуьнан шеко йац. Амма Сибрех буьгур бац. Иза бакъдерг ду. Ва амма, ӏедало, хьалха а даьхна, дӏасалехка, вай уьстагӏий-м дац? – Маккхалан аз цӏеххьана айделира. – Хӏунда ца кхелха Хонкара Шамурзин Бота, ӏодин Вахӏаб, Къурмин Къосам, Чермин Орца, ӏалханан Тӏурло, Мустапан Девлетмирза, Чӏуьлган Уллуби, Жукин Дуба, Бачин Сарӏела, кхин бӏеннаш? Уггар тоьллачуьра вайн мохк дӏа а лаьцна, ӏа уьш. Гӏумкийн, гӏебартойн элашна бекъна вайн мохк. Уьш кхузахь а битина, сагӏа деха арадовла деза-кх вай? Хонкара а дахана, дала деза-кх вай? Йа вайгара боьршалла дӏайаьлла? Хӏан-хӏа, кӏентий, гӏур дац вай цхьаннахьа а! Вешан мохккий, вешан маршой схьайоккхур вай, йа зударий, бераш цхьаьний летта, дерриш лийр ду вай!
– Хьалхалера ницкъ бац вайгахь, Маккхал!
– Дегнаш-х дай вайн!..
Суьлхьанаш хьовзийна ваьлла молла Шахьби, доцца доӏа а дина, можах куьйгаш хьаькхна, Маккхална тӏевирзира.
– Маккхал, нах карзахбаха, дегазбаха ма гӏерта. Дӏаваха луучунна Хонкар мохк а бу, мацалла вала луучунна хӏара а бу. Керстанах летта вала луучунна уьш а бу, абаде кхаччалц байъарх кхачалур боцуш. Шайна луъург дан бита нах. Шуна массарначул тӏех хӏара даймохк безаш, дог доьлхуш воьду со цига. Кхузахь вон хьегна а, таро ца хилла а ца воьду. Хӏара вайн къам Делан бакъ динах тилла, керстанашкахьа дӏадирзина де цагархьама воьду. Сайн устазна тӏаьхьа, ӏалай салата васаламу, Делан салават хиларна, Делан элчанан весет кхочушдеш, воьду.