хӏетталц тийна ладоьгӏуш ӏийначу ӏелас.
– Шайн мах лур бу хьуна царах. Вайна гондӏарчу къаьмнийн совдегарш бу, боху, кхерста жӏаьлеш санна, марош айъина, хьожа йохуш, массо йарташкахула буьйлабелла лелаш цигахь.
– Хӏаъ, – тӏетайра ӏела, – цхьаннан бохам вукхуьнан ирсан лами ма бу…
Цуьнан Сийлалле Эле Александр Георгиевиче!
Жимачу Нохчийчоьнан наибо Османов Сайдуллас туземцаш Турце кхалхо ӏалашо йолуш шен эмиссарашкахула халкъа йуккъехь цхьа аьттехьа доцу зуламе эладитанаш даржадо. Нохчийчохь даккхий гергарлонаш долу Аргунски округера нохчий доглазарца хьуьйсу цигахь деш долчуьнга, шаьш Нохчийн округе бахча, Сайдуллера эцна харц хаамаш, цӏа а боьрзий, нахана йукъа баржабо. Кху сохьта адам тешна ду шаьш кхалхориг хиларх, герз дӏа а эцна, шаьш керста дине дерзор ду, салт а дохур ду, шайгара латта дӏа а доккхур ду бохучух. Тӏехула тӏе, царна йуккъехь эладита даьржина, хӏор а син цӏарах йаккхий налогаш тоьхна ца ӏаш, бахамерчу уьстагӏийн, котамийн кортошна тӏера а налог йоккхур йу бохуш. И эладитанаш мел бух боцуш делахь а, сонта ламанхой царах теша. Уьш царах тешаран бахьана и эладитанаш наиб а, оьрсийн эскаран эпсар а волчу Сайдуллехула схьадийлар ду. Оьрсашца герггара йукъаметтигаш йолчу цунна вайн правительствос дагалаьцнарг шера хаьа, цундела ша а, шен гергарниш а керста дине берзорах кӏелхьарбахархьама, Сайдулла, шен хьаькамалла а, чин а, оьрсашкахьара шена хуьлу аьттонаш а битина, шен лаамехь Турце кхелха моьтту туземцашна. Цо дуьйцучух дерриг халкъ теша бохург чӏагӏдац ас, амма дукхахберш даггара теша цунах. Чантински а, Шатоевски а наибствашкарчу бахархоша йалташ дерна беш цхьа а тайпа кечам бац. Хьан сийлалле дӏахаийта лаьа суна, уьш цхьа а бертахь Турце кхалха ойла йолуш цахилар: шайн хиллачу йукъарчу гуламехь цара схьахьедина, шаьш Турци кхелхар ду, нагахь йерриг Нохчийчоь кхалхахь йа нуьцкъала кхалхадахь аьлла. И тайпа ойланаш суна инзаре кхераме хета, хӏунда аьлча цу тӏехь вайгахьара даьлла гӏалат цхьана ӏалашонца динарг лорур ду цара, кху сохьта хӏоьттинчу хьолехь къоман, динан цӏарах цхьаъ хьалхавалахь, и бахьана тоьур ду кхузахь гӏаттам бан.
1. Оспанов