докъарш. Дерзинчу лаьмнашка а йехачу ханна ца лардели шен бераш. Тӏулгаш тӏехь кхиалац йалта. Лаьмнашкахь меца ӏожалла йу цаьрга хьоьжуш.
Вара Делах тешара. Цундела, кхузахь а шен бӏаьхаллин доттагӏех дӏа а къаьстина, ӏеламнахана тӏаьхьахӏоьттира иза. Устаз схьавоьхуш дехаре даханчу адамийн хьалхарчу магӏарехь а вара иза. Ша хаъал хилчахьана, оцу дийнахь дуьххьара йукъахара герз охьа а диллина, баьццара жима байракх кара а лаьцна, ницкъболчу Деле орца а кхойкхуш, мостагӏчун гӏопе волавелира Вара. Ткъа гӏопан пена тӏера, ӏаьржа багош а гӏаттийна, цунна тӏехьуьйсура йаккхий тоьпаш. Кӏур туьйсу милташ карахь царна уллохь лаьттара зоьртала салтий. Гӏопан баролал арахьа нийсачу магӏарашкахь хӏиттина лаьттара гӏашлой, дошлой. Ӏаьнан шийлачу малхехь къегара ира цхьамзанаш, дерзина даьхна тарраш. Синтем байна, лаьттах тӏа деттара дерстинчу дойша.
Ткъа Вара, мохь бетташ Деле, пайхамаре, эвлайаашка а кхойкхуш, ша санначу эзарнашца, карахь герз доцуш, оцу буьрсачу ницкъана тӏе хьалхаоьхура. Вара тешара, Дела а, пайхамарш а, эвлайааш а шайна гӏоьнна орцахбевриг хиларх, цара шаьш оцу къизачу мостагӏех лардийриг хиларх. Ӏеламнаха тешийнера уьш цунах. Устаз схьаваллалц, хӏуъу хилахь а, цигара йуха ма довла, аьллера. Оцу дийнахь керстанан хӏоъ-молханах латта хир ду, Дела а, пайхамарш а, маликаш а вайна орцах девр ду, аьллера.
Вара тешара ӏеламнахах. Цундела иза, йуха ца хьожуш, майрра гӏулч йоккхуш, хьалхахьа дӏаоьхура. Амма царна цхьа а орцах ца веара, гаурийн хӏоъ-молханах латта а ца хилира. Дӏадаханчу дезткъа шарахь санна, ӏожаллин сийна цӏе туьйсуш, йийлира йаккхий а, кегий а тоьпаш, догӏмех оьхура ира тарраш, цамзанаш. Татолашца ӏенара довха цӏий. Хӏара де дӏадаханчех къастош деккъа цхьа хӏума дара: карахь герз доцуш мостагӏчунна хьалха хӏиттина бӏаьхой, къена нах, зударий, бераш а…
Оцу дийнахь адамех тешам байра Варин. Даг чу гӏеххьачул ӏесалла а йоьссира. Хиира, даймохк а, маршо а шайгара гуттаренна а дӏайаьллийла, иза а, важа а йухайерзо шайгахь ницкъ боцийла а. Амма… ва амма… Варин а, цуьнан тӏаьхьенан а хӏара эхье лолла лан дезар ду-те? Мостагӏчо байъинчу шайн вежарийн,