тӏаьххьарчу тӏамехь байъинчийн кешнаш. Дийна бисинчийн догӏмаш тӏехь чевнаш а ца кхиъна мо хьовза. Уьш лозу, уьш даим а лозур йу. Ӏедалан харцонаша йитац уьш йерза. Даим дӏа кегош, дарйеш. Дӏа ког мел баьккхинчохь, кешнаш, йохийначу, йагийначу йартийн херцораш, садоцу адамийн чархаш санна, ирахь лаьтта дагийначу диттийн ханнаш…
Вара а, кхин эзарнаш адамаш а машаре дехар ма дара хаза а хеташ. Хӏокхеран къамкъаргаш ӏуьйдуш, мацалла бераш угӏуш болу машар хьашт бац царна. Уггар хьийкъина арен тӏера мохк цаьргара дӏа а баьккхина, хӏорш уьшалечу хьаннашка а, тӏулгийн лаьмнашка а таӏийна. Кху къеначу хьаннашкахь, тӏулган лаьмнашкахь ирзойн коржамаш йохуш шаьш кхиочу йалтица ӏаьнах а ца бовлало нах. Царна-м даа а, тӏедуха а дезий. Иза а, важа а эца дезаш хуьлу. Стенах оьцу, ахча а, даьхни а ца хилча? Даьхний кхаба дежийлаш, цанаш ма йац. Хьалха церан дайша аьхка лам тӏе, ӏай аренга дуьгуш, кхобура шайн даьхний. Хӏинца аре церан йац. Иза цаьргара дӏайаьккхина. Шаьш а, шайн доьзалш а хене баха некъ лоьху цара. Кхузахь пхи некъ хӏутту: хьун йохкар, йолах балха хӏиттар, къоладар, сагӏадехар йа мацалла далар.
Хьун шортта йу. Амма кхузахь иза цхьаммо а дӏа ца оьцу. Соьлжа-Гӏала, Оьрза-Гӏала, Чахкаре, Гӏизларе йахьа йеза. Муха? Гиххьий? Хьенан бу ши сту йа бугӏанаш? Цхьа наггахь волчун. Хьолахошна йолах болх бан реза берш кӏезиг карабо. И хьолахой халкъан мостагӏий ма бу. Хӏокхеран берриг бохамашна бехке болу. Царах цхьаболчара паччахьан эскаршна гӏо дина шайн халкъана дуьхьал тӏамехь. Бисинарш йуьстаха лаьттина, йарташ йагош бендоцуш хьуьйсуш. Халкъан бохамах пайда а оьцуш, ӏаӏийна цара шайн хьал, бахам.
Болх лаха, бахамера цхьацца хӏума йохка, оьшург эца маьршша гӏала ваха бакъо а йац. Цига воьдуш пурстопо, йуьртдас йа наибо делла билет хила деза карахь. Иза а доцуш цхьанхьа караво-кх! Схьа а лаьцна, таӏӏийна набахте вуллур ву. Ткъа и билет боху кехатан цуьрг а ма ца ло, шайна кхаъ ца белча. Иштта ду кхузара ӏедал. Гӏалахь дуккха а бу белхаш, амма цигахь ваха саца бакъо йац могӏарчу нохчочун. Билет а карахь вахча а, вуьтий ткъа цигахь мегарг волавала? Дуьхьал мел кхеттачо нанна йаппарш хьежайо. Уьш боьлу