Варин цхьа кӏант вара – церан доьзалехь дуьххьара хилла бер. Йалх шо хьалха тӏамехь вийна. Къона, куьце, майра, хаза кӏант вара Леча. Нохчмахкан хьаннашкахь воьжна. Зуда йало а ца кхии…
Ванах, иштта къаьхьа хир долуш ду-те хӏара дахар? Йа оцу паччахьан, цуьнан инарлийн, эпсарийн, хьаькамийн дай-наной, йижарий, зударий, бераш дац-те? Йа царна ца деза-те шайн бераш? Йа, шайна бен, доьзал безац моьтту-те царна? Йа оцу паччахьан, инарлийн, эпсарийн кийрахь дегнийн метта тӏулгаш ду-те? Хӏунда белхабо цара нохчийн наной?
И ойланаш дуьххьара йеш йац Варас. Лаххара а шовзткъа шо ду цо и ойланаш йен а, оцу хаттаршна жоп ца карадо а.
Варас халла хаалуш урх озайо. Беречух кхетта дин, ӏад санна, булалой, дӏаэккха кечло. Хьеречу Органна чу а баьлла, шуьйрачу некхаца и пурх хедош, дехьа берда тӏе а болий, шийла хи охьадожош, бегало и.
Меллашчу боларахь йуьрта воьду Вара. Доьхкарх йоьллинчу тапчин макъарна тӏехь ду куьг, ши бӏаьрг, берзан санна, бодашкахула кхерста. Амма ойла йуха а, хьаьвззий, доьзална тӏейоьду. Цхьа масех минот йаьлча, зуда а, бераш а гур ду цунна. Ткъа цхьана пхеа баттахь сатоьхча, чекхдер ду цара хьоьгу ӏазап а. Бӏаьсте йаьлча туркойн махка баха кечлуш бу нохчий. Уггар хьалха боьлхучаьрца новкъа вер ву Вара шен доьзалца. Оцу тӏехь цунна гӏо дийр ду ӏуспанан Сайдуллас. Цхьана хенахь ши доттагӏ вара и шиъ. Тӏаьххьарчу ткъа шарахь, цкъа а вовшех ца къаьсташ, паччахьан эскарех летта. Воккха наиб хилира Сайдуллех. Хӏинца паччахьан эпсар ву. Тамашийна хӏума ду хӏара. Шемалан цхьаболу наибаш, молланаш паччахьан ӏедало шена гергаозийна. Церан шортта алапаш, даьхний, мохк а бу. Доцца аьлча, нийсо йац-кх кху дуьненахь. Туркойн махкахь мукъана а карор бац-те синтем, сискал а? Дийца-м дуьйцу, бусалба паччахь волчохь Дала лур ду-м боху. Дахана, хьовсур ду-кх. Шайн даймахкахь бӏарзбелла хьийза хӏорш. Кхузахьчул хала хир дац хир ду цигахь. Хила декхар дац.
Оцу ойланашца Вагин Пашин керта воьллачу Варина ца хаьара кхана схьакхета малх шена гур боцийла…