Лорис-Меликовга хьаьжира.
– Ас итт эзар сом детица ахча дӏахецна цунна. Суна хетарехь, Александр Георгиевича иза гӏуллакхна дойъуш ду.
Йукъахваьккхинчу Тумановс, ойла ца гуллуш, маситтаза йайн йовхарш туьйхира.
– Хьан локхалла, Нохчийчоь кху сохьта кхаа декъе йекъайелла: Турцера схьакхоьхьучу хабарех ӏехабелла а, бӏаьсте йаьлча шаьш Теркал дехьа кхалхор ду бохуш даьржинчу эладитанех кхерабелла а цхьаболу нохчий Турце кхалха лууш бу. Шолгӏачарна, ах бахархой кхузара дӏабевлча, шайн аьтто хир буйла хууш, бухахь совца лаьа. Кхоалгӏачара, оцу эладитанех пайда а оьцуш, бӏаьсте йаьлча нахера герз дӏадоккхур ду, налогаш йохур йу, нах салт бохур бу бохуш, шайггара эладитанаш а даржош, адам гӏаттамна тӏетоьтту. Баккхийчара догдиллина шаьш тоьлург хиларх. Карзахбевлларш кегийрхой а, зуькархой а бу. Шаьш вовшах а тоьхна, шайн коьрте хӏотта цхьа тӏеман баьчча хилча, тахана а гӏаттам бийр бара цара. Шеко йац, арахьарчу мехкашца вайн тӏом болабелча йа чоьхьа муьлхха а цхьа хьовр-зӏовр хилча, и баьчча гучувериг хиларан а, вайн аьтто бацарх цо пайдаоьцург хиларан а. Сан агенташ мукъа ӏаш бац. Вайна дуьхьал аьлла дош а, дӏатесна ког а сихха суна тӏекхачабо цара. Гӏаттамна кечлуш бу боху хаамаш саццаза тӏекхоьхьу. И эладитанаш бӏаьсте йолуш даим а хуьлу нохчашлахь. Цкъацкъа вайна зуламе довлу уьш, цкъацкъа хабар хуьлий дуьсу. Амма, адам кхалхо долийча, цара сацамболлуш дуьхьало йийриг хиларан шеко йац. Хьехориг мархин бутт чекхбаьлча бохуш ду. Цундела Нохчийчохь вай кийча хила деза муьлхха а гӏаттам йуьххьехь хьаьшна дӏабаккха. Цунна ницкъ оьшу. Оцу гӏуллакхна кху областехь болу вайн тӏеман ницкъ кӏезиг хета суна. Нагахь нохчий нуьцкъала махках баха дезахь йа муьлххачу гӏаттамна хьалхе йаккхархьама, цкъа-делахь, и регулярни эскарийн дакъош Воздвиженский, Ханкалехьа Грознина уллой, Бердакӏеллий оза деза. Шолгӏа-делахь, шина декъе декъна и эскарш, муьлххачу минотехь а сихха гӏуллакхдан бакъо а йолуш, къаьсттина полномочеш йелла начальникаш коьртехь болуш хила деза. И гӏуллакх дан дезар ду апрель бутт йуккъе балале. Тӏаьххьара а суна ала лаьа, инарла Кундухов дуьхьал воллучуьра,