тайпанийн дуьххьарлера мохк. Бӏеннаш шерашкахь царна тӏелетара золотоордински кочевникаш, немецки рыцарш, шведаш, полякаш, туркой, персаш. Хӏун хили царах? Россехь шина бӏе шарахь сов олалла дина татаро-монголаш шайн йаьссачу аренашка дӏалаьхкина. Тахана триумфальни маршаца церан мехкаш тӏехула хьалхадоьлху толамийн оьрсийн эскарш. Цхьа шо далале церан мохк Российски имперех схьатухур бу. Шведаш, немцой меттахъхьа ца баьхьа. Польша вайн кога кӏел йу. Туркой а, персаш а, отуш, дӏалоьхку. Висла хи тӏера Тийначу океан тӏе а, Александрополна тӏера Къилбаседан Шан океан тӏе а болчу оцу боккхачу мехкан дай оьрсий бу, йерриг Европерчу паччахьийн а паччахь Цуьнан Императорски Воккхалла Александр ӏӏ-ниг ву. Ткъа кхузахь, хӏара куйна кӏел бохккал а боцу декъаза нохчий буьйцуш, хабар дахди вай!
Чохьболчарна тӏехула курра бӏаьрг тоьхна, охьахиира Экельн.
– Браво, господин Экельн! – кӏоршаме велавелира Кундухов. – Ахь-м дика кхиамаш баьхна Россин истори ӏамош. Амма хьуна иза хьайна оьшшучул бен хаац. Ахча а, чинаш а, хастам а лоьхуш кху махка баьхкинчу нахана иза кхин хаа оьшуш а ма дац. Хӏетте а, и хьан хаарш жимма кӏаргдер ас. Оьрсийн турпалчу халкъо шена тӏера дӏакхоьссира татаро-монголийн къиза олалла. Бетах хӏума туьйхира Россина чугӏоьртинчу тевтонашна, шведашна, шляхташна, французашна. Россина цхьа шо а, цхьакӏеззиг эскарш а тоьира Казански а, Астрахански а ханстваш дӏалеца. Гӏалгӏазкхийн жимачу отрядца йерриг Сибирь карайалийра Ермака. Кавказера дӏалаьхкина туркой, персаш а. Дуьхьало йоцуш, триумфале хьалха оьху Туркестанехь а. Амма, нохчийн жима мохк дӏалаца гӏерташ, вай хаддаза тӏом беш долу дезткъа шо кхечи. Хӏетте а, тахана а вайн империна къарйелла кӏел сецна йац Нохчийчоь. Вай кхечу даккхийчу къаьмнашна, дийнначу пачхьалкхашна тӏекхийсинчу хьалхалерчу дерриг а куйнаш кӏел совца тигац и «декъаза нохчий», цара уьш, етӏош, дӏакхуьйсу. Массанхьа а толамаш баьхна вайн герз кхузахь, артделла, сецна, господин Экельн. Тахана уггар машаречу хенахь а шовзткъе йалх батальон гӏашлой, донски гӏалгӏазкхийн кхоъ, драгунски цхьа полк лаьтта цигахь йиллина. Кху некъехь