уггар жоьпаллин хан йу. Цундела, хьомсара Христофор Егорович, сан дехар ду хьоьга, арахьарчу мехкашкара кхерам болу бахьана а хӏоттадай, кхоалгӏачу запасан гӏалгӏазкхий, муьлххачу а меттигна кийча хилийта, тоьпана кӏел хӏиттор. Соьгахьара мукъа ду шу.
Эпсарш арабевлча, хьалагӏеттина, куьйгаш дӏаса а тосуш, дегӏ саттийна, меллаша чухула дӏасаволавелира Карцов.
– И Кундухов кхераме стаг хилар тахана хии суна. Къайлабаьккхина инзаре боккха цабезам бу цуьнан Россига. Амма цуьнан бертаза цкъацкъа гучуболу иза. Со воккхаве иза кху махкара дӏаволуш. Хьо реза вуй соьца, Михаил Тарелович?
Лорис-Меликов жоп ца луш хьевелира.
– Хьо гӏалат ца ваьлла, Александр Петрович. Суна цо цергаш гайтина дикка хан йу. Амма цо хӏинца дийриг, шена лаахь а, ца лаахь а, вайн правительствона доккха гӏуллакх ду. Делахь а, со тешна ву, мацца а цкъа иза вайна йамарт хирг хиларх.
– Ткъа Сайдулла?
– Изза олу ас цунах лаьцна а. Цаьршимма дӏахьуриг нийса некъ бу. Кху тӏаьххьарчу хенахь Кундуховс башха лечкъа а ца бо вайга болу шен цабезам. Амма кестта, Дала мукъалахь, иза а, важа а шайн берзалойн ардангца гена вер ву кху махкана. Цунах гӏоли хуьлуш, садетташ ӏа со.
Делкъал тӏаьхье цӏевзина йеара. Малх цӏеххьана къайлабелира, дера корех бетталуш, цӏийзара къилбаседехьара хьоькху шийла мох. Корах арахьаьжча, стигалахь ӏаьржачу мархийн жӏомар гина, догдуьйхира Карцовн. Нагахь йочанаш йолалахь, кестта Кавказски ломан дукъах чомахь тӏехвалалур вац иза. Ткъа Петербургера цо дохьурш сихха дӏакхача везаш гӏуллакхаш ду. Ма хаза йара иза Петербургски Императорски тӏеман академехь профессор волу хан! Цо тӏеман тактика хьийхира паччахьна Николай ӏ-чунна, Михаил Николаевична а, Николай Александровична а. Хӏинца йалх шо кхочуш доллу иза Кавказехь волу. Кхуза иза кхачарна бехкениг цуьнан хьоме дешархо Михаил Николаевич ву. Бакъду, кхузахь Карцовна хиллачу къинхьегамна йал-м йелла цо.
Цхьана ханна Лорис-Меликов араваьлча, пенах кхозучу паччахьийн суьртех бӏаьрг кхетча, Карцовн ойла хьаьвззина Нохчийчоьнна тӏейирзира.
Нохчийн халкъан къоман маршонехьа къийсаман чулацаман а, ницкъийн а йаккхий башхаллаш йара ламанан кхечу къаьмнехчул къаьсташ.