Нохчийчохь а, Дагестанехь а имам хилла дӏахӏотта а мегий иза-м.
Шахьби кийча вара Турце кхалха. Шеца дӏабига кху йуьртара итт доьзал а кечбинера цо. Царна паспорташ а даьхнера, цхьа кепек ца луш. Амма, Хортӏица берта а вахана, хьаькамашна ша кхаъ белла бохуш, хӏор а доьзалера цхьацца туьма-м даьккхира цо.
Дерриг дохийнера цуьнца дӏаван ца луучу цуьнан цхьаъ бен воцчу вашас Гатис.
Оцу дийнахь хьалххе гӏеттина Гати кха тӏе ваха ветталуш воллура.
Рагӏу кӏелхьара схьатакхийна дечган нох уьйтӏа ара а даьккхина, воккхавеш, йуха а цуьнга хьежа хӏоьттира иза. Дӏадаханчу ӏай, леррина хьуьнха вахана, хаьржина хадийначу ножах гӏирс баьккхина, дийнна шарахь бакъийра цо иза. Аьчгах дича санна, чӏогӏа дара нох. Ӏаьржа-сийна бос бетталора цкъа а лаьттах бахазчу хьонхалан а, пхатоьдин а. Айъина иза вордана а диллина, божала вахара иза.
Цо оханна кхоош леррина кхобу боккха, лекха маӏаш йолу цӏен-чӏамара ши сту, хьаьвди тӏе а хӏоьттина, сийна йол чухьерчош боллура. Гӏогӏашна тӏелетта кхош элан горгамца дӏа а даьхна, цӏанбина, цушиннах хьастамна ка-мӏара а хьаькхна, аравелира иза.
Сихха дукъа валаре сатеснера цо. Таханлера де массо агӏор а дика дара нох лаьттах догӏа. Кхо де хьалха дилхинчу доккхачу догӏано кӏалд йинера лаьттах. Кху кхаа дийнахь лакхайаьллера буц а. Охана кхин тӏаьхьатоьттийла дацара.
Хӏинца а таьлсаш кечдина ца йаьллера Эсет. Мукъависина Гати, уча а хӏоьттина, вехха лаьттира бес-бесарчу зазаша къарздинчу бешарчу дитташ тӏехь, «чӏир-чӏир» деш, гаьннаш тӏехь кхийсалуш, ловзуш лелачу хьозарчашка хьоьжуш. Хил дехьарчу регӏа тӏехула ах гучубаьллачу малхо садуура цуьнан. Хӏинца кха тӏехь хила везара иза.
Чувахана, Эсете чехка йала а аьлла, чохь йоькаш йолу кхийра кад эцна, араваьлла иза йуха а вордан гонаха хьаьвзира. Стомара дуьйна цӏийза йоьллера цуьнан чкъургаш. Дечиган семанна диттина зайлаш дӏа а дохуш, йаккхий чкъургаш схьа а уьйзуш, милкашна йоькаш хьаькхира цо. И болх бина а ваьлла, стерчий арадаха дӏаволавелча, лахара хьала шега вешин кӏант Хьабиб кхойкху хезира цунна.
– Ва ваши!
– Ва-вай! – вистхилира Гати.
– Дадас, схьавола, боху хьоьга!
– Вогӏу, ала.
Гатин хеназа хебаршка