бисина мела кху декъазчу тхан лаьмнашкахь дийнал-ислам лардан гӏерташ, Пайхамаран, эвлайаийн цӏераш йохуш, керстанан ӏазапах халкъ лардеш, леташ беллачу тхан дайн, нанойн, йижарийн, вежарийн, доьзалийн синошка кхачабелахь…
– Амин!
– Аллахӏу аммин!
– Йа Аллахӏ, хӏай воккха Дела, оха дагалаьцначу гӏуллакх тӏехь тхо йуьхькӏай делахь, и кхочушдан тхуна ницкъ лолахь, керстанан ӏазапах тхо хьалхадахалахь.
– Амин!
– Аллахӏумассали ӏала, Мухьаммади ва ӏала, али Мухьаммади васаллим. Патихьа.
Хӏораммо а шабарца бисмилла а дешна, куьйгийн керайаккъаш йаххьех хьаькхна чекх а йаьхна, шаьш тӏера схьадохуш ламазна тийсина шайн миска барзакъаш сихха тӏедуьйхира.
Хӏорш ламазаш дина ма-бевлли, чувеанчу шина жимхас товханара схьаэцна йай, кӏай чухула хьокха а баьккхина, айъина дуьхе чубаьхьира. Дукха хан йалале хьешашна хьалхахӏиттийра даарх дуьзна шаннаш.
Аьрзунан дуьйлинчу тӏемех тера шуьйрачу хьажан цхьацца агӏор декъаделла, гӏеххьачу мекхашка гӏоьрташ месала, даккхийчу цӏоцкъамашна бухара схьахьоьжу Солтамурдан майра ши бӏаьрг, массо зуьйш санна, кхерстина, нахана тӏехула чекхбелира. Цунна шера вевзара царах хӏор а. Уьш цуьнан бӏаьхаллин накъостий бара. Массарна резахилла, шен даккхийчу, хьаьрсачу мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, кхеташо йолийра цо.
– Кӏентий, цхьа-ши стаг воцург, дерриг схьагулделла вай. Кхин ладегӏарх, буьйса йалар бен, тӏекхета хӏумма а дац. Кхеташо дӏайолийча, бакъахьа хета суна. Аш хӏун олу?
– Бакъахьа ду, – хезира йукъ-йукъара.
– Делахь хӏета, шун пурбанца вешан гӏуллакх дӏадоладо вай. Махкахь тахана хӏоьттинчу хьолах лаьцна доцца дийцар доьхур ду ас Барзин Рохьмадан Берсе. Тӏаккха кху чохь волчу хӏораммо а шена хетарг эр ду кху шина гӏуллакхах лаьцна. Хонкара кхелхачу нахана хӏун де вай? – Цхьаъ. Шолгӏа – ӏедална дуьхьал кху бӏаьста тӏом болабо вай йа цхьана аьттонга дӏатотту иза? Къамелаш доцца хила деза. Амма, Берсас къамел дололе, хаттар ду нахе. Вуй шуна йуккъехь даг чу йамартло, кӏиллолла йоьлла, шалхонца ойла йолуш веана стаг?
– Вац.
– Нагахь ишттаниг велахь, меллаша аравала.
– Вац, Солтамурд, вац.
– Делахь хӏета, Берса, хьуна пурба