– Оцу инзаречу ницкъана вай кӏелсевцира, дерриш хӏаллак цахилархьама. Вай кӏелсевцира, паччахьан инарлас ваьшца бинчу машаран бартах тешна. Амма, шаьш вайн хӏусамашка кхаьчча, цара стешха бохийра и барт. Шаьш дӏадаьккхина латта вайна йуха-м муххале а ца дерзийра цара, мелхо а, вайн карахь дисинарг а дӏа а даьккхина, шайца цхьаьна вайн цӏий ӏенийначу, вайн халкъана йамарт хиллачу писашна совгӏатана дийкъира. Мацалла лечу, дерзина лелачу вайга теттина йасакх йийхира, арен тӏе ваьлла стаг, сийсазвеш, ца вуьту, кху хьаннашкахь, чӏажашкахь йека цара вайна нанна хьежо йаппарш. И ӏазап, и харцо, и сийсазалла ца лайна, гӏевттина вай цӏийлахь лийчийра. Шайн къизачу урхалли кӏел вай ца совцийла хиъча, ӏедална дагадеара, кху махкара ах бахархой Россех а кхалхийна, бисинарш, йуккъехула боькъуш, лаьмнашцара йарташ аренца йолчех къастош, вайна йуккъе кхин а гӏалгӏазкхий ховшо, Соьлжа-Гӏалара хьала Ведана а, Органца Шуьйта кхаччалц а гӏаьпнаш йогӏа, кхузахь бисина нохчий, шайн ирачу мӏарашна йуккъе къевлина, совцо. Церан и ӏалашо кхочушхилахь, вай пхеа декъе декъало, вовшех а, арахьарчу а орцанах а хеда.
– Хьий, Делан мостагӏий, йаӏ!
– Вай, жа санна, дӏаса а лоьхкуьйтуш, ӏийр ду моьтту царна!
– Ладогӏа!
– Хӏан-хӏа, и ца моьтту ӏедална, – кхидӏа къамел дора Берсас. – Царна хаьа, вай дуьхьало йийр йуйла. Цундела церан ӏалашо йу, кху чу эскарш а оьзна, вайна йукъара тхьамданаш леца а, вайгара герз дӏаэца а, цхьа карзахе берш, салт а баьхна, Россех дӏабига а, ца хуьлучу далахь, и шайн ӏалашо нуьцкъала кхочушйан а. Оцу ерчонах вай хьалхадаьхнарг цхьаболу нах Хонкара кхалхар йукъадалар ду. Шуна ма-хаъара, дуккха а адам ду цига кхалха кечлуш. Цигахь шайна йалсамани хир йу моьтту нах галбевлла. Цигарчу бусалба туркойн ӏедал, оьрсийнчул башха, къинхетаме дац. Цига кхелхина эдагий мацалло а, цамгарша а хӏаллакбина. Мацалла ца далийта, шайн бераш духку цара. Шаьш йолах туркойн эскаре хӏуьтту уьш. Даймахках хаьдда, цӏа-цӏе доцуш, сагӏадоьхургаш санна, буьйлабелла лела уьш. Изза дакъа ду цига бахча вайнахе кхочудерг а. Амма мацалло а, къоьлло а бӏаьрзе биначу вайнаха дӏаэцац шайна ло хьехар.