гӏерташ, муьлххачу некъашца лелийна а, оьрсашца йолу шайн гӏуллакхан зӏенаш ца хадийта лууш нах. Дукха хан йара Рохьмада совдегаралла лело. Шелахь даим а цхьана барамехь лаьттина цуьнан бахам, иза Соьлжа-Гӏала веана ши-кхо шо далале, адам цецдолуш, стамбала буьйлира. Амма Берса хӏумма а цец ца волура ден ахчанах. И кхета воьллера дас лелочу харц некъех. Оьрсашца совдегаралла лелор дихкинера Шемала. Россе ваха а, цигара товар дан а бакъо лора, нагахь оцу совдегаро дохка лам чохь къен долу эчиг дахьахь. Цундела Рохьмада Нохчийчу духкучу товарах коьртаниг эчиг дара. Нохчийн йарташка а вахана, ша йуха гӏопе вирзича, шен хӏусаме ца вогӏуш, хьодий, оьрсийн эскаран штабе воьдура иза. Цо лелочух йуьхьанца ца кхетара Берса. Масех шо даьлча, Берсина хиира, шен да, халкъана халачу дийнахь йуьстахъиккхина, ведда цуьнан мостагӏашкахьа ваьлла, йамарт хилла ца ӏаш, ткъа оьрсийн эскарийн командованина доггах гӏуллакхдеш шпион а хилар. Хӏан-хӏа, шен халкъана йамартло йина ца ӏара иза. Цо йамартло йора ахчанах ша эцначу паччахьан ӏедална а. Цо ахчанах йухкура шина а агӏорчийн тӏеман къайленаш. Амма наибашна цо йухку оьрсийн къайленаш цхьана а маьӏне йоцурш йара.
Берсин хьекъал ца кхочура дас бечу эхьечу некъан бакъ мах хадо. Дас гулдинчу хьоло ирсан неӏ йиллира цунна хьалха. Рохьмадан аьтто хилира шен цхьаъ бен воцу кӏант гӏарайаьллачу Петербурге прапорщикийн школе вахийта. Мил-милла а ца кхочура оцу оьрсийн столице. Амма ахчано ца деш хӏун ду! Дуьненан кӏезиг ойла йеш йаьккхира Берсас цигахь и шен дахаран уггар ирсе кийсак. Шен халкъан цӏийх доккхуш, дас цунна тӏаьхьакхоьхьуйтура шортта ахча. Самукъане столица. Къоналла. Тӏамах, мехкарех а бен къамел дацара. Къаьсттина дукха хьехайора карзахе Кавказ. Цигахь йара церан массеран а дог-ойла. Къоначу дворянаша сатуьйсура, школа чекх а йаьккхина, сихха къилбехьа акхачу ламанхошца тӏаме баха. Цига оьхура, Россера хьовха, йерриг малхбузе Европера а къийбелла, шайн бахам кехатех ловзийна йа зударех хийцина тайп-тайпанчу къаьмнех дворянчикаш. Цигахь ламанхойх оьху цӏий, деши хуьлий, церан бухбоцчу кисанашка ӏенара, орденашка доьрзий, накхош