монархийн, церан гӏеранийн леш хилла даха. Гой хьуна, цара герз буйнахь шайна маршо, нийсо лоьху. Адамашна адамаш хилла даха лаьа, ткъа иза паччахьашна дезалац. Оьрсийн император коьртехь цхьаьнакхеттачу монархаша хьаьшна французски, испански, неаполитански, немецки, итальянски революцеш. Дӏадаханчу шарахь цӏийла карчийна Париж, Вена, Итали, Германи. Кху шарахь сийначу цӏарах йагий хӏара Венгри. Хьуна гой паччахьашна дуьхьал цхьаьнакхетта халкъаш? Кхузахь, Венгрин эскарийн могӏарехь, церан салтийн белшах белш тоьхна лета полякаш, немцой, австрийцаш, французаш, итальянцаш гирий хьуна? Уьш бара хьуна къонахий, шен къоман тешаме кӏентий! Царна хаьара, венграша толам баьккхича, и толам шайн халкъийн а толам буйла. Царна хаьара, шайн массеран а йукъара мостагӏ – иза цхьаьнакхеттачу паччахьийн Союз йуйла. Ткъа вай, бӏе шовзткъа эзар оьрсийн салтий, церан чаьлтачаш хилла схьадаьхкина. Уьш еший вай. Ма доккха хьуьнар ду иза! Вай, схьа а лецна, церан инарлаш, эпсарш австрийски императоран кара дӏабелла. Цо уьш ирхъухкур бу. Шу, толам а баьккхина, цӏа доьрзу, чинаш, орденаш йаьхна. Хьанна оьшу и эхье толам? Кхузахь оьрсийн эскарша баьккхина толам оьрсийн халкъан историн агӏон тӏехь эхьан томмагӏа хилла буьсур бу…
Сени чохь когийн тата а, тӏаккха комендантан девза аз а хезна, Гусев цхьана минотана соцунгӏа хилира.
– Амма оьрсийн эскарша лелийначунна оьрсийн халкъ бехке дац. Эзарнаш оьрсий, со санна, доглазарца хьуьйсу дуьненан халкъаша шайн къоман маршонехьа латточу къийсаме. Оьрсийн империна дуьхьал кхузткъа шарахь турпала къийсам латточу хьан халкъана а моьтту хир ду шена тӏерачу къизаллина дерриг оьрсийн халкъ бехке ду. Шел лакхарчун омра кхочушдаза ца волу салти. Хьуна ма моттийла ас берриг эпсарш бехказбоху. Дукхахберш уьш акха дегнаш долуш, къиза адамаш ду. Сан хабар дахделла, Берса. Ас элира, хьо майра кӏант ву, амма къонах вац йа сонта ву аьлла. Оха-м цадевллачу денна гӏуллакх дора тхешан императорна, ткъа хьо мича декхаро валийна цуьнан эскаре? Гой хьуна, европейски халкъашна хаьа венграша латто къийсам бакъ къийсам буйла. Цундела венграш, цхьаъ санна, берриш