французски мехкашдӏалецархой Нана-Россин махка тӏера дӏалихкина муьжгий. Со дворянин ву, амма со уггар хьалха сайн халкъан кӏант ву. Со цунна тешаме хилла. Цуьнан маршонан, цуьнан сийн дуьхьа, цуьнан ирсан дуьхьа со гӏоттур ву, сайн императорна дуьхьал хьовха, сайн дена а дуьхьал. Со тешна ву сайна уггар луьра таӏзар дийриг хиларх. Делахь а, со вада гӏертар вац, йа, къинхетам боьхуш, дехарш а дийр дац. Ткъа хьо, Берса, маьрша вуьсу. Дика гӏуллакх де ахь Николайна Хьалхарчунна. Паскевича а, Лиддерса а аьлларг нийсса кхочушдеш, хьайн вежарий байъа гӏо де. Кестта инарлин чине кхочур ву хьо. Хьанна хаьа, графски титул йала а мегий хьуна-м. Хӏинца аравала.
Гусевс шега кховдийна куьг къевллина шина куьйга схьа а лаьцна, цӏе санна богучу бӏаьргашца цуьнга а хьаьжна, араиккхина Берса, цигахь лаьттачу гӏалгӏазкхашка неӏаршна догӏа тоха а аьлла, дӏавахара.
Кхин ца гира Берсина Гусев. Амма, цул тӏаьхьа цхьа хан йаьлча, цунна хезира, тӏеман-аренан суьдан кхелаца Алексей Гусевний, цуьнан йалх накъостаний Мински набахтин кертахь тоьпаш тоьхна бохуш…
Цул тӏаьхьа ша даймахкана генахь йоккху хӏор а минот шарал йахлора Берсина. Цо хаддаза дехарш дора, ша кавказски эскаршка ваккха бохуш. Мел дог ца дагӏахь а, цо гергарлонаш тийсира Кавказан тӏамехь гӏуллакхдинчу эпсаршца, ца кӏордош ладоьгӏура цара шен махкахойх лаьцна дуьйцучуьнга. Эпсарех наггахь волчо дуьйцура цигара хьал ма-дарра, хестайора ламанхойн майралла, резабоцуш луьйра цигахь акха къизалла хӏитточу паччахьан инарлашна. Амма дукхахболчара йемалбора нохчий, дозаллица дуьйцура шайн эхьечу хьуьнарех лаьцна. Ткъа мискачу Берсас цаьрга ладоьгӏура, цкъацкъа – дог доккхадеш, тӏаккха – дог ӏийжаш.
Ма ца ӏебаш йоьшура цо Кавказах лаьцна Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс йазйина произведенеш! Ма лаьара цунна и доггах нийса могӏанаш йаздина, оцу халачу шерашкахь шен декъазчу халкъах дог лезна и оьрсийн бакъ кӏентий шен маракъовла. Амма иза хуьлийла дацара. Паччахьан харцоно уьш хеназа эгийра оццу Кавказан лаьмнашкахь.
Берса ша винчу махка йухавирзира шен халкъана уггар хала деанчу 1858-чу шарахь. Дийнначу йарташца паччахьан