Сонтачу коьрто бен дийр дуй ткъа, российски пачхьалкхан бух ласто гӏерташ, ахь ден къамел!
Хӏара Лорис-Меликов ӏаламат собаре стаг вара. Шен дагахь дерг лачкъо хаьара цунна. Кундуховна гуш ма дара оьгӏазлоно кхехко цуьнан дог. Лорис-Меликовн метта кхин стаг хилча, стоьла тӏе буй а бетташ, мохь хьоькхур бара цо, ткъа хӏара сапаргӏате ву. Вела а воьлу, забарш йеш волуш санна.
– Нохчех къахета, боху ахь? – дуьйцура цо, вела а къежаш. – Тӏаьхьа ду, хьомсара государь! Ахь айхьа мел хӏаллакбина уьш? Хӏай-хӏай, хьесап ца дало! Латта доцчу нохчех дог лозу? Хӏета, хьо оццул адамалле велахь, лакхахь цӏераш йаьхначу элашца а, керла кхоллабеллачу нохчийн помещикашца а барт бай, нохчийн латтанаш царна йухадерзаде! Аш шайн долабаьккхина мохк нохчийн лаххара а шовзткъе итт эзар доьзална логгелц тоьур бу!
Кундухов цхьаъ ала гӏоьртира, амма инарла-лейтенанто, омране куьг а ластийна, сацийра. Шуьйрачу букъ тӏехьа ши куьг тӏекӏел а диллина, кегийра гӏулчаш йохуш, шозза-кхузза дӏаса а волавелла, тӏаккха Кундуховна уллохь а сецна, иза тешош тӏетуьйхира цо: