Цхьадерш гитоьхна, вуьш марахь, кхечийн куьйгаш лаьцна тӏаьхьаийзош, хьун йолчу агӏор дӏауьдура зударий. Цӏуьхӏарш хьалха а баьхна, цаьрца ведда тӏехвелира баккхийчех масех мутаӏелам. Кӏелхьарбовла уьдучу зударийн, берийн могӏа хадале, эвла йуккъе эгадоьллачу йаккхийчу тоьпийн цӏийделлачу хӏоьънаша цӏераш йехкира аьхкенан малха кӏел кхарзаделлачу цӏенойх, божалех, докъаран холанех. Кӏелхьарбовла ца кхиъначу зударийн, берийн маьхьарша къардира хӏаваъ. Ловчкъа меттиг лоьхуш, маьхьарца тӏома уьдура котамаш.
Эвлана го лаьцнийла хиъча, шеца кхузткъа стаг, цаьрца шен кхо кӏант а волуш, хьуьжар чу къовлавелира къена ӏабдурахьма.
Цӏеххьана диначу тӏелатаро бохийначу нахера дукха дуьхьало йоцуш уггар хьалха йуьрта иккхира Московски гӏашлойн полк. Хьуьжаран цӏеношкахь къовлабелла нах буйла хиъначу майоро Филипповс неӏ кагйан омра дира. Амма чуьрчу наха, корашкахула ара нийса тоьпаш йетташ, цӏеношна хьалхахула шайна тӏе ца буьтура салтий. Дуьххьара йиначу штурмехь синметта топ кхетта вуьйжира майор а.
Гӏазотехь ӏожалла тӏеэца нигат дина, кӏелсецнера и кхузткъе цхьаъ стаг. Карадуьйла аьлла, шолгӏачу эпсаро шайга мохь тоьхча, назманца жоп делира цара:
Аллахӏ Дела, тхо хьайн делахь,
Хьайн гӏазотан орца лолахь,
Хьайна гергахь сийлахь делахь,
Сийлахь дарже кхачаделахь.
Буьйса йоцуш бода богӏу,
Марха йоцуш кхолар йогӏу,
Бехке доцуш тӏом тӏебогӏу,
Аллахӏ Дела, тхан гӏо делахь.
Велча гӏазот лийчор ма вац,
Цунна марчо хьарчор ма дац,
Моллас заӏам доьшур ма дац,
Лахьти чохь барт хоттур ма бац…
И чалх хӏоьттича, массарна а вицвелла висина жима Маккхал, кхеравелла, ша хӏун леладо ца хууш, эвла йуккъехула ведда а лелла, эххар а шайн керта нисвелира. Цӏенна го бина салтий а, чуьра араетташ тоьпаш а гина, лулахойн цӏийнан маьӏӏехь сецира иза. Цигахь ӏадийна вогӏавелла лаьттачу цунна гира, масех салтичо тӏехьахула тӏе а вахана, пенаца йол а йоьттина, цунах цӏе тосуш. Тӏехула поппар хьаьхна дуьйцина динчу цӏенойн пенаш дага ца туьгура. Верстина лекха эпсар, баттара даьккхина тур а лестош, шайн маттахь салтий чехош, мохь хьоькхуш, хьаьдда лелара. Дукха хан йалале, йеа говраца