салти водий лам чу хӏунда вогӏу а, шен дайн, вежарийн ӏожаллина бехке и салтий цахилар а.
Хӏетталц ша туркх хиллачу гӏазотан идейшна цигара цӏа вирзича сацамболлуш дуьхьалвелира Маккхал. Нохчашний, махкарчу керста къаьмнашний йуккъехь мостагӏалла латто гӏазоте кхайкхам дӏабаккхар, Россехь миччахьа ӏедална йечу дуьхьалонах пайдаэцар, церан куьйгалхошца бертадахар, кхечу къаьмнашца ма-хуьллу машар латтор хьалхахӏиттадора цо тӏеман баьччанашна. Оцу тӏехь цуьнан йаккхий галморзахаллаш хилира цаьрца, къаьсттина – цхьаццаболчу ӏеламчашца. Цара «мунепакъ» олий йоккхура цуьнан цӏе. Шен ваша Аьрзу воцург, кхин шена тӏетевжаш стаг воцуш, йеххачу хенахь оцу шен идейца цхьа висира Маккхал. Тӏаьхьо кхоалгӏа накъост – Берса – кхийтира цаьршиннах. Малбелира имаме болу цуьнан тешам а. Мацах цкъа къона волуш, Шемалан цӏе бусалба динехьа, маршонехьа къийсамах ца къастайора Маккхала, иза суждане оьхура цуьнан цӏарна хьалха. Амма тӏеман тӏаьхьарчу итт шарахь, къаьсттина Мохьмад-къеда а, Сулиман-молла а, Джамалдин а имамна дуьхьалбевлча, Шемалах тешам байра Маккхалан.
Маккхал цецвуьйлура Шемалах, шен ӏалашоне хьаьжжина, ӏеламчаша ша ӏораваккхарна а ца кхоьруш, шариӏатан низамаш цо шена товчу агӏор дӏахьийзорах. Дуккха а кхетара имамо лелочух, амма тийна ӏара. Цхьаберш – имаман ӏалашо шайн ӏалашонца йогӏуш хиларна, шолгӏаниш – бекхамечу имамах кхоьруш. Бакъду, цунах ца кхоьрурш а бовлура. Амма ишттаниш кхоъ бен вацара: акхашойн къеда Мохьмад, нохчийн молла Сулиман а, Шемалан стунда Джемал-Эддин а.
– Халкъана хьехамаш бан ца беза, – бохура Мохьмада Шемале, – нагахь айхьа бечу оцу хьехамаша адамашна диканиг, пайдениг, оьзданиг, адамаллениг лур ду аьлла, хьо тешаш вацахь. Амма, хьан хьехамаша адамаш адамаллех дохуш делахь, церан дегнаш чу оьгӏазло йоссош йелахь, цара зуламе тӏаьхье йуьтуш йелахь, иштта хьехамаш ма бе, шен кхоллам халкъан кара ло. Дегӏастанара доьхна хьелаш, тӏемаш, мостагӏаллаш а хьан зуламечу хьехамийн а, хьан харцхьарчу некъийн а жамӏ ду.
Маккхална хӏинца а шена хезаш санна хетара Сулимин майра, цӏена аз. Харцонна дуьхьал нисвелча, къармазечу, даим а дӏа нийсо