Биллина дӏа Нохчийчоьнера кхерам латтарна, цигарчу эскарех кхоалгӏа да́къа а дӏадаккха ца даьхьа вай. Доцца аьлча, вай тоьлла а, нохчий эшна а ца сецна гӏуллакх. Шайгахь герз а, стратегина аьтто болу мохк а ларбелла нохчий керлачу гӏаттамна аьтто болу сахьт тӏекхачаре ладоьгӏуш ӏа. Йуха а боху ас хьоьга, хьомсара Михаил Тарелович, цуьнан воккхалло уггар хала а, жоьпаллин а декхар тӏедуьллу хьуна. Хьан хьекъалх, доьналлех дозуш хир ду Кавказехь синтеман гӏуллакх. Хӏинца цкъа малхбузен пачхьалкхашца машар бу вайн. Амма цхьана Далла хаьа иза маццалц хир. Нагахь арахьа вайн тӏом болалахь, Нохчийчуьра тӏеман ах ницкъ дӏабига дезар ду, тӏаккха нохчий гӏовттург хиларан шеко йац. Дукха хан йу оцу сохьте цара ладоьгӏу. Цундела, Михаил Тарелович, йоццачу хенахь цигахь низам хӏоттор доьху хьоьга. Цигахь вай дан дезачу гӏуллакхийн хьокъехь инструкцеш лур йу хьоьга Александр Петровича. Дукха хан йоццуш цуьнан воккхалло чӏагӏйина уьш. Хьо областе дӏакхаьчча, инструкцеш дагахь ӏамайе, амма цигарчу хьелашка хьаьжжина хийцамаш бан бакъо а ло хьуна. Дала аьтто болда хьан!
«Дала аьтто бен меттиг йац хӏара, – ойла йо Михаил Тареловича. – Олуш ма-хиллара, болх Далла тӏе билла, амма цунах теший а ма ӏе. Кхузахь ницкъ а, хӏилла а оьшу. Шед а, пряник а…»
Хӏаъа, паччахьан правительство толамхо хилла дӏа ца хӏоттайелла Нохчийчохь. Иза массарначул а тӏехдика хаьара Михаил Тареловична. Нохчаша тӏом сацийра, амма къарбелла ца севццера. Хӏетахь Кавказан сардал хиллачу фельдмаршало эло Барятинскийс правительствон цӏарах нохчашна хьалха тӏелацамаш бира цаьргахь герз дита а, уьш салт ца баха а, цаьргара дӏабаьккхина мохк йухаберзо а, церан гӏиллакхаш, дин а лардан а, иштта дӏа кхин а. Ткъа нохчаша тӏелецира ӏедална дуьхьало ца йан.