Жимачу халкъо шен маршонехьа къуьйсура.
Вийначу ден метта кӏант хӏуттура, вийначу вешин метта ваша хӏуттура.
Лоьмин метта Аьрзуна улло дӏахӏоьттира ӏела а.
Оцу дийнахь дуьйна, йукъахдихкинчуьра герз ца достуш, нуьйрара ца вуссуш, бовха кхача а биъна, тхов кӏел кӏедачу метта охьавижа аьтто ца нислуш, дӏайахара цуьнан къона хан.
Уьш а дара адамаш. Церан кийрахь а бара маршоне, дуьнене безам. Амма уьш дера летара шайн а, шайх летачийн а цӏий ӏенош. Гора-йаӏ, ма лаьара царна цкъа а адамна топ ца йолийла, тур-шаьлта ца ойъийла, цхьаннен а нана, йиша ца йоьлхийла! Пайда бацара цхьа царна и лаарх! Шайн доьзалш, шайн догӏмаш, шайн цӏенош, шайн даймохк ларбан дезара церан, царна ца лаьара шайн махка эскарш лоьхкучу генарчу оьрсийн паччахьо шаьш хьийзадойла, дуьненах хьегадойла.
Ӏелин кийрахь а догура бовхачу безамах дуьзна дог. Цунах цӏе йиллира цуьнан йуьртахочо Айзас. Цаьршимма сатийсира тӏом чекхбаларе, цхьаьна а кхетта, безамах марзо а оьцуш, маьрша дахаре. Сатуьйсура, ши сту а боьжна, дечиган нахарца дукъара ирзо охуш, цхьа йеттий, тоьлий долуш даха а хиъна, доьзал болоре. Амма церан сатийсар кхочушхила гена дара, тӏеман чаккхе гуш йацара.
Йартех чим беш, хийла доьзал байлахь буьтуш, хийла да-нана доьзалх доккхуш, дийна бисинчарна цкъа а дицлур доцу ирча сурт дуьтуш, чекхбелира и бахбелла буьрса тӏом.
Маситта шарахь лаьттинчу тӏамо лаьхкина лелийна гӏелбелла нах шайн йохийна йарташ меттахӏитто буьйлира. Масех шарахь вовшех хьегначул тӏаьхьа ӏелин а, Айзин а аьтто нисбелира цхьаьнакхета.
Машаречу къинхьегамах хьаьгначу къоначу цаьршимма кӏад ца луш къахьегарца мацах цкъа шайн дас цӏенош динччохь хӏинцалера лаппагӏнаш йуьйгӏира. Йетт а, дужуш хьайба а дацара цаьршиннан кертахь. Уьш хьехочохь а дацара. Чохь цхьана маьӏӏехь поппаран терхи тӏе хӏоттийна дечган а, кхийран а масех пхьегӏий, цӏенкъа тесна цхьа-ши кхакхий, соне хӏоттийна кахьаррий, цунна йуххехь кӏеззиг хьаьжкӏаш чохь чорда галий – иза бара цаьршиннан бахам. Амма и шиъ хьага кхин тоьлла бахам болуш доьзалш йерриг Нохчийчохь а кӏезиг бара. И шиъ цхьаьнакхетча, йа ловзар а, йа синкъерам а ца хилира. Ца ихира керта