дуьнен тӏехь мел болу дуй биъна дӏахӏоьтти, ша витина цигашха дӏагӏур ма вац хьо аьлла.
– Гой хьуна! Хьан доттагӏчунна а ца лаьа хьо-хьо цигашха дӏахьажо, ткъа ахь веше цӏахь ӏе, боху, хьо цхьана пана махка дӏа а хьажавай. Хӏан-хӏа, Аьрзу, со вогӏур ву хьоьца.
– Эрна бага ма йеттал суна! – Аьрзус шен аз айъира. – Хьан зуда а, бераш а ду. Ахь царна ӏуналла де. Тӏехула тӏе, цхьана минотана а ма дицде вайн йерриг дегайовхо хьайн шина кӏантана тӏехь хилар. И шиъ кхиа веза, вайн цӏийнан кӏур ца байта. Цул сов, Чорин доьзална гӏо дан а веза хьо.
Шен дахарехь тахана дуьххьара вешин йуьхь-дуьхьал хьаьжна, сацамболлуш вистхилира ӏела:
– Доттагӏ вуьгу ахь, соьга цӏахь ӏе, боху! Иэхь-бехк Дала лоьрийла, нагахь тахана со хьоьца Хонкара дӏавеача, кхана сайн доьзал сийначу цӏарах богург хиларх, вогӏур вара со.
– Хьан бераш ду!
– Бераш! Чорин а ду бераш! Бераш кхин а хир ду, ткъа хьо виначу нанас суна кхин ваша вийр вац… Бакъдерг алахьа, Аьрзу, гена цабевзачу, хийрачу махка со дӏа а хьажийна, кху цӏахь сацалур варий хьо?
– Хӏаъ, нагахь ас и дар даймахкана оьшуш хилча!
– Хӏинца-м аьшпаш буьттура ахь, Аьрзу! – велавелира ӏела. – Хьан шина бӏаьрго ӏоравоккху хьо! Со цӏахь висарх даймахкана хила пайда бац!
– Тоийта, мераӏуьрг! Цхьаннахьа а гӏур вац хьо, цӏера а ваьлла. Соьгара пурба дац хьуна!
– Хьан пурба ма ца оьшу суна. Хьо мила ву, суна некъ бехка? Тӏом чекхбаьлла, хӏинца хьо сан бӏаьнча а вац. Тӏехула тӏе, суна новкъа ду, вешехчул бӏо доттагӏчух а боьлла, ахь иза къастор.
– Со хьан воккхахволу ваша ву! – оьгӏазе тӏечевхира Аьрзу. – Тӏехула тӏе, тӏом чекхбалаза хилар а ма дицде. Иза чекхбер бац, вай вешан маршо йухаерзайаллалц! Цул сов, хьо бӏаьхо хилар а, со хьайн бӏаьнча хилар а ма дицде цхьана а минотана. Баьччанийн кхеташонан омра кхочушдар суна тӏехь хилча, сан омра кхочушдар хьуна тӏе а дужу!
– Иза ӏаламат дика ду-кх! Сайн воккхачу вешина, сайн бӏаьнчина, улло а ваьлла, цуьнан омра кхочушдан, маршонан гӏуллакхна пайденна хила, Хонкара вогӏур ву-кх со!
– Хьуна пашпорт дезар ду!
– Эца-кхи!
– Оьцур дац!
– Доцуш а вогӏур ву!
– ӏела! Ас дешначу Делан Къуръанора воллу хьо соьга хьайна гӏаж йеттийта!
Хӏетталц Аьрзус аьл-аьлларг забарехьа а дохуш,