Цхьа масех шо даьлча. И дерриг дийцина вай. Нагахь хьайн аьтто хилахь, цигахь эпсарийн дешар дешалахь. Шемалан наиб хилла Алдара Сапарчин Юсуп-Хьаьжа вуьйцу хезний хьуна? Вай санна, жима волуш Хонкара а вахана, цигахь дешна а ваьлла, цӏа веана нохчо вара иза. Иза вара Шемална йерриг гӏаьпнаш йоьгӏнарг, цуьнан ӏедал, эскарш цхьана низаме далийнарг. Иттех шарахь Шемалан аьтту куьг хилла лийлира, оьрсийн махкахь эпсарийн дешар дешна, церан эскарехь лаьттина веана Шаммурзин Бота. Жима бер долуш Ярмол-инарлас ша Дади-Юрт йохош цигара йийсаре вигна хиллера иза. Ша итт шарахь вайнахана диначу гӏуллакхал бӏозза сов зен дира цо, ведда йуханехьа оьрсашкахьа а ваьлла, вукху итт шарахь. Вайна оьшурш Юсуп-Хьаьжа а, Берса а санна эпсарш бу. Вайн халкъан, вайн мехкан дуьхьа шайн синош, бӏаьрнегӏар ца тухуш, дӏалур дерш. Хӏинца хьо кхин сецор вац оха. Вайна мел ца лаахь а, къаста деза.
Ӏаьлбага, шок тоьхна, тӏейийхира некъана йуьстаха йежаш йолу шен говр. Ден шок хезна иза, ши лерг дуьйлина, хьала а таьӏна, йайн тарса а терсина, йедда тӏейеара.
– Коьра, хьуна эшахьара, тахана сайн са а лур дара ас хьуна, – элира цо. – Ткъа тахана цкъа иза эшац. Амма хьуна эша а оьшуш, сайн са санна, суна дукхабеза хӏара дин ло ас хьуна сайн безамна.
Цецваьлла Коьра къаьрззина доттагӏчуьнга хьаьжжинчохь висира. Цецбевллера гонаха лаьттарш а. Ӏаьлбага хьовха, цара массара а хьоме лелайора и тамашийна говр. Уьш стохка лам чу бахча, цкъа ӏаьлбага, чехка догӏучу ламанан хи чу а иккхина, бердах йоллучу куллах а тасавелла, бекъа тӏейийхира. Йедда берда йистте а йеана, чухьаьжча, чохь кхозавелла мохь хьоькхуш ӏаьлбаг гина, ӏадийча санна, и чӏажаш декош, терсаш уьдура иза. Мел чехка йедда йоьдуш хиларх, ӏаьлбаган омранца цӏеххьана соцура. Тӏехьарчу когаш тӏе хӏуттура, мел генахь хиларх, ӏаьлбага шок тоьхча, тарса а терсий, йодий тӏейогӏура.
– ӏаьлбаг…
– Дӏалаца! – Коьрин буйна урх теӏайора ӏаьлбага.
– Хӏан-хӏа, ӏаьлбаг, дуьне дохарх оьцур йац, – ши куьг хьалха а тоьхна, йухагӏоьртира Коьра. – Кхидерг хьайна луъург ло, амма говр ма кхийдайе. Хӏара суна йелча, ахь хӏун до?..
– Тхан кхин а йиъ йу.
– Хӏара саннарг йац. Ахь хала кхиийна иза.