лохачу бердашца кхалхадуьйлуш.
Оцу иллица гӏиттинера церан дай, дендай, церан а дай. Масех тӏаьхье. Бӏе шовзткъа шарахь. И илли шен рогӏехь хӏинца кху берашка кхаьчнера.
Массарел а хьалха лаьттачу ӏаьлбаган аз Коьра гучуьра волуш, цӏеххьана, доьхна, дегийра. Дегийра бӏаьрнегӏарш а, беран ховха балдаш а. Бӏаьрнегӏаршна йуккъехула схьаӏовдабелла боккха ши тӏадам, цӏенчу беснеш тӏехула керчина охьа а беана, настарш тӏе буьйжира.
Цхьанне а ца хаьара и болатан басахь жима кӏант, таханчул тӏаьхьа нийсса шийтта шо даьлча, Нохчийчохь хин болчу уггар боккхачу гӏаттаман баьчча хир вуйла а, Нохчмахка дӏа а лаьцна, иза, шена тӏаьхьа доккха эскар долуш, кхузахула Мичках ваьлла, малхбузехьа нохчийн аренаш тӏе вер вуйла а, бархӏ баттахь паччахьан колонизаторшна луьра дуьхьало йиначул тӏаьхьа и гӏаттам дакъалацархойн цӏийлахь лийр буйла а, тоьллачу мостагӏчун къизаллех йарташ кӏелхьарйахархьама, и жима кӏант шен лаамехь гуш лаьттачу ӏожаллина, инарла Смекаловна, тӏе гӏур вуйла а, оцу инарло иза а, цуьнца кхин шийтта а Соьлжа-Гӏалахь тангӏалкхех уллур вуйла а… .
И ца хаьара ӏаьлбагна шена а.
Ткъа муттане Мичка, церан иллигий, цара йечу кхийсаршкий ла а доьгӏуш, шекдоцуш охьаоьхура.
Цунна дукха хезнера и иллеш. Цунна тӏехь дукха къийкъинера буьрса герзаш.
Цунна чу дукха ӏеннера адамийн цӏий. Татолашца.
Иза цецдаккха ерчо ца йисинера дуьненахь…