йезачу, даим а дагахь лаьттачу, ваьш миччахьахула лелахь а, цуьнан законашний, тӏехиндолчунний гӏуллакх дан вай кийча долчу, генарчу, амма дагна гергарчу, цкъа а вайна йицлур йоцчу Кавказо зазадоккхийла, иза могаш йехийла! Декъала хуьлда, бӏеннаш шерашкахь хастам а хуьлда Кавказна!
Вовшахтоьхначу хрусталан зов дийкира.
«Дела, паччахь ӏалашвелахь!» имперски гимн йолийра оркестро. Цунна тӏаьххье деха къамелаш, тӏаккха хелхарш а доладелира…
Бакълоьра шен тӏамарца дворянски йаздархо волу граф Соллогуб. Баккъал а безачу мехах ецнера Кавказера машар. Нийса аьлча, империн помещикийн-буржуазин гӏеранан хьолан, хьаштийн дуьхьа кхузткъа шеран дохалла Кавказан лаьмнийн тогӏешкахь, чӏажашкахь, аьрцнашкахь татолашца халкъан цӏий ӏенийра, цигахь шайн кортош охьадехкира салтийн чоэшца кечбинчу бӏе эзарнаш оьрсийн крепостной ахархоша а, магӏарчу ламанхоша а. Соллогуба шен хастаме дешнаш кхайкхочу оцу господашна цигахь машаре, маьрша дахар хилийтархьама, биначу лаьмнашкара дӏа а баьхна, хийрачу Турце дӏахьовсийра ах миллион ламанхой, бухахь бисинарш ши корта болчу аьрзунан мӏарашна йукъакъевлира.
Цхьа ламанхой хилла ца ӏара махкахбохурш а, бовлурш а.
Бӏешерийн дохалла шайн адамаллин бакъонашкахьа паччахьан ӏедална дуьхьал нуьцкъалчу тулгӏенашца гӏуьттура оьрсийн ахархой, империна чоьхьара кхидолу халкъаш а. Амма хӏоразза а уьш шайн цӏела керчадора: тоьпаш йеттара, ирхъухкура, набахтешкахь а, Сибрехан каторгашкахь а къиза хьийзабора халкъийн уггар тоьлла кӏентий. Шайн даймахкахь лаьттан коржам, сискалан йуьхк, садаӏа маьрша хӏо а ца карадой, иза а, важа а лаха дуьне ма-дду хийрачу мехкашка дӏаоьхура бӏе эзарнаш оьрсийн, украинцийн, белорусийн, кхечу къаьмнийн а ахархой, белхалой. Царна тӏаьхьа дӏабаха аьтто боцурш йа даймахках къаста цалуурш, букъа тӏехьа пӏаьлдигаш тийсина, кара гӏожмаш лаьцна, меца, ахдерзина бераш улло а даьхна, йоккхачу империн малхбалехьара а, къилбехьара а мехкаш гӏаш дустуш лелара. Шайна тӏаьхьа некъийн дохалла керлачу кешнийн кегий, даккхий баьрзнаш а, церан гӏовланашкахь дечиган жӏараш а йуьтуш.