набахтина гергахьа лоьхкурий а цара нохчийн кӏентий.
Кхузахь а ца каро йоллу-те цара иттанаш шерашкахь къийсамца лехна маршо а, синтеме а? Оцу хеттаршна тӏехь ойла йора шина доттагӏчо, ткъа жоп дала ца хаьара. Амма и шиъ тешна вара, Диарбекиран йаьссачу ара дахча, цигахь а, бӏаьргашна хьалха ӏуьллучу Мурат-хин тогӏи чохь севцича, кхузахь а, – шиннахьа а, и махках ваьккхина ткъе кхоъ эзар стаг дӏахуда сутара бага а гӏаттийна, тӏекхевдина лаьтташ къиза ӏожалла хиларх.
Чекхболуш лаьттара аьхкенан тӏаьххьара бутт. Ша тӏехьаьжча мел долу хӏума доттучу къилбен бовхачу малха кӏел йовхоной, цамгарший хьоькхура адамаш. Тӏамой, паччахьан эскарший талийна, берзинабаьккхинчу шайн даймахкара цара деана кӏезиг рицкъа чекхдаьллера. Меттигерчу бахархошна уьш дӏайелла бевлла цкъа кхаллал рицкъа дуьхьал лур долу шайн мискачу бахамера массо хӏума.
Тӏейогӏуш йара йочане гуьйре, цунна тӏаьххье – борз санна, буьрса шийла ӏа. Ткъа оцу ӏаламан ницкъаца къийса гӏора доцу ткъе кхоъ эзар са йерзинчу стигала кӏел лаьттара.
Чорас доккха садаьккхира. Цунна хаьара, Аьрзус шега ца дийцахь а, шен дагахь цо цхьа сацам бинийла.
– Хӏун де вай, Аьрзу? – хаьттира цо.
– Хӏун дийр ду? Кхузахь ӏаьнна кӏел дахча а – лийр ду, Диарбекире, оцу йийнарг ца кхуьучу мецачу пана махка, дӏадахча а – лийр ду вай.
– Миччахь делла а, далаза ма ца довлу вай. Ткъа хӏун башхо йу Диарбекирехь делча а, кхузахь делча а?
– Башхалла-м йоккха йу, Чора. Нехан хийрачу махкахь мацалла вала йа сагӏадоьхург хилла лела, йа лай хилла ваха ца ӏенийна ас кху ткъа шарахь сайн дегӏан цӏий, – аьлла, цхьана минотана саца а сецна, тӏаккха тӏетуьйхира цо: – Со лийр ву, амма вала ма-веззара. Вайн халкъе хӏара къемат-де хӏоттийначех бекхам а оьцуш, къийсамехь лийр ву.
– Иза-м эрна хабар дара, Аьрзу. Суна хӏинцца бен ца хиъна керста паччахьан мел ницкъ бу. Дикачу динахь дийнахь сарале цхьана маьӏӏера вукху маьӏӏе кхочура нохчийн махкана. Доза дац паччахьан мехкан, сан 1 йац цуьнан эскарийн. Ткъа вайн хӏун йу? Тӏе куй тоьхна, схьалеццал доцчу вайга хӏинццалц царна дуьхьал тӏом латтабаларх цецвуьйлу со.
Аьрзу гӏайгӏане велавелира:
1. Хьесап доцуш дуккха.