Болата шен карабеана буьртиг, ша ца кхоллуш, жимачу йише ло. Кхаьрзина цӏийбелла мукх ӏайгаца кеда а хьаькхна, кегош шелбинчул тӏаьхьа берашна дӏа а бекъна, биснарш шен буйна а эцна, берашка а хьоьжуш, сих ца луш мукх ӏийша йолало зуда. Бераш дийшича а ца йуьжуш, алу кегош, йехха хуий ӏа иза. Туьпахь дӏасалелачу божаршна йуккъехь Данчӏа гучу ца волу-те, цуьнан аз ца хеза-те бохуш, бӏаьрг бетташ, сема ладоьгӏу цо. Мисканна, цунна хаац, иза, ӏожалло кадетташ, накъосташа айъина валавойла. Ладоьгӏуш кӏадйелла зуда, тоьли чу а йолий, берашна улло охьайуьжу…
Туьпан малхбале агӏонца хи йистехь разйаьлла лаьтта серех йуьйцина, тӏехула поппаран дуткъачу чкъураца хьаьхна бун. Цуьнан бертехь, ши гола мере а оьзна, сема наб йеш ӏуьллу шийтта шо хенара кӏант Соип. Тӏегӏертачу чуьркех ларйан, тӏехула бецан хьардаш тийсина, дӏакъевлина цо шен йерзина настарш. Халла го дех бисинчу бӏегӏаган боккхачу куйна кӏел къайлайаьллачу йуьхьа тӏера цуьнан буткъачу меран ира буьхьиг. Амма чуьркашна цуьнан озачу дегӏа тӏе доьлхуш кевнаш карадо эттӏачу бедарех чекх. Кӏанта сих-сиха катуху цӏий мала дегӏа тӏе хиъначу чуьркана. Цигара бедар цо ваьштаоьзча, кхечахьара дӏаса а йоьдий, кхин а масех ков долу.
Чуьркаша бен са ца гатдахьара, хӏун дара. Уьш-м, цӏеран кӏур бина, къахко а хала дацара. Амма къахко ницкъ боцуш кхин бала бу цуьнан жима кийра буьзна. Кхуза кхаьчначул тӏаьхьа да а, шел жима ши йиша а делла цуьнан. Ткъа хӏинца, Соипан гӏоьнца бен кӏегар ца хаалуш, буьнахь нана ӏуьллу. Иза-м чу а вахана охьавуьжур вара хазахета а. Нанас наггахь дечу узарший, кхетамах йаьлла дечу башхачу къамелой, ткъа къаьсттина, садоӏу а ца хезаш, цуьнан дӏатерой наб кхета ца вуьту-кх. Соипехь шегахь а дацара дика хьал. Мацалла букъах летта чож, мел доккха садаккхарх, хьала ца севса. Ткъа оцу суьйранна цаваьллачу денна цо йиъначу татеша, хедо санна, хьийзадо йоьхьаш.
Луларчу туркойн йуьртарчу бошмашкара хилла, ӏаьржачу буьртигашца лаьтта кхийдина кхозу кемсийн хорханаш, цӏен ӏежаш, можа хьорматаш дагайаьхкича, хӏинца а цергех хи долу цунна.