Церан амалшца, гӏиллакхашца ца догӏу,
цара цхьаммо а тӏе ца лоцу законаш коча
ма ӏиттийша кхузахь дехачу халкъашна.
А. С. Грибоедов
Сингаттаме а, дог доруш а йу туьпара тийналла.
Хӏетте а шайн забарш йитац наха. Цхьамма дийцинчух бийлабелла нах йуха а берзале, кхечо доладо.
– Цкъа ӏаьлара кӏел тӏом хуьлуш, тхан эвларчу цхьанна хилларг хаьий шуна? – бодашкара схьа вистхилира цхьаъ. – Бутӏа цӏе йолуш, дегӏана зоьртала, ги доьллича, хьаьжкӏех дуьзна суьйлийн къорза гали ӏаьнда а хьур долуш, дерстина божа дара иза. Бӏо богӏу аьлча, зударшций, берашций орца а волий, цигахь цаьрца лечкъий а ӏай, цӏа вогӏура иза даим а. Кхехкачу тӏаме а, божаршна го хало йалхош, царах къахеташ синош дохучу зударшка а ладоьгӏуш ӏай, олу, бохура, цо: «Хӏаъ, иштта декъаза хӏуманаш йай тхо божарий-м». Цхьана дийнахь тӏом хуьлуш, даим санна, орцахь левчкъина а ӏийна, суьйранна, маьӏ-маьӏӏехь йукъ-кара герзаш дуьйлу а хезаш, шайна йуккъе хӏоьттина хӏара Бутӏа а волуш, йуьрта богӏуш хилла зударий. Маьркӏажал тӏаьхьа. Цхьанхьа дукха генадоццуш мажар йаьлла, ткъа кху божин некха тӏе цхьа хӏума кхетта. «Йа Аллахӏ!» – аьлла, маьхьарца шен даг тӏе ка а тоьхна, ша волчче дӏахаьрцина хӏара. «Ой, хьуна хӏун хили, Бутӏу?» – гонаха хьаьвзина зударий. «Топ кхийти, со вели!» – бохуш, мохь хьоькху хӏокхо. «Ой, дакъаза ма вала хьо, оццул ахь идорах, кӏелхьара ца дели-кх и хьан са!» – аьлла, шайн кучамех, этӏош, асанаш а йаьхна, чов йехка дагахь гӏовталан ветанаш дӏадаха боьллачу зударшна хӏун гина, хаьий шуна? Цхьа нана-йоккха бумбари!
– Цкъа Гӏойл дехьара цхьа стаг веана хиллера Гилна хьошалгӏа, – дийца вуьйлира зандакъо. – Цхьа буьйса а, ши буьйса а йаьккхина, ша дӏаваха веза хан гергагӏоьртича, хӏусамдега аьлла хӏокхо: «Делхьа, хьенех, кху Гилнахь тхан тайпанан нах бу олуш, хезна суна. Хӏинца кхузахь кхо де-буьйса а даьккхина цӏа вахча, цӏерачара, вайн тайпанан нах байрий аьлча, царна дала жоп хир дац-кх сан. Уьш бовзийтахьа суна». «Мегар ду», – вукхо аьлла, шолгӏачу ӏуьйранна эвла йуккъе ваьлла хӏара шиъ. Дуьхьалвогӏуш хилла гуттар таьӏаш цхьа астагӏ тӏаьнчакх.