– Дӏадовлийша, кӏентий, тховса ма карзахйаьккхи аш и ӏожалла. Шу стенна чӏеӏа? Дуьненан массо паччахьашка шарбалш йашайойтуш волу оьрсийн паччахь шовзткъе итт шарахь лестийна нохчийн кӏентий дац вай? Ӏожаллех кхоьруш вай маца хилла? – хьала а иккхина, нахана тӏевирзира даим а самукъане Мовла. – Ас биъна ненан накха хьарам хуьлда-кх, ца хуьлучу далахь-м, ас кху туркойн данчӏарийн кортош догӏмех къесто долор дацахь!
– ӏожаллех кхоьруш дац оха дуьйцурш. Оьздангаллех вухучул, сий дайна лелачул, нехан лай хилла вехачул, дийнахь-бусий эзарза валар гӏоли йу, Мовла. Цунах кхоьрий тхо-м.
– Цундела ца оьшу-кх сагатдан! Оцу хьола тӏе ваьш довла долахь, летта лер вай. Ӏожалла-м гена йац. Дӏогахь, бодашкара схьа а къерзаш, ӏа. Тховса вайх муьлха дӏавига-те ша бохуш, хоьржуш. Цул, дийцахьа, Маккхал, хӏара Дела воцу туркойн элий байъича, эхартахь муьлхачу даржехь хир ву со?
Маккхалан горга йуьхь а, сийна ши бӏаьрг а бекхабелира. Шен шуьйра белшаш хьала а тоьхна, хьаьрсачу мекхех куьг а хьаькхна, вела а къежна, охьахиира иза.
– Жайнин хабаре ладегӏар, хӏай Делан лай Мовла, мукъачу, токх нехан гӏуллакх ду. Токхо йацахь а, мукъа хан вайчул шорта йолуш адамаш дуьненахь а хир дац, цундела жоп ло ас хьуна. Жайно-м, хьо ваха, боху, паччахьаш, элий, пурстопаш, кхидолу кегий цӏубдарш Делан лаамца лелаш ду, ӏедал Делера ду, цара хьайна тӏехь дечиг даккхахь а, чӏикъ ца боккхуш, церга балда а лаций, сатоха. Кхидӏа а боху цо, хӏай Делан лай Мовла, бусалба динехь воцу стаг массо а хьан мостагӏ ву, ахь иза вехь а, цо хьо вехь а, хьо гӏазот ву, везачу Делан лаамца йалсаманин неӏарш хьуна йиллина хир йу, хӏуьрлаӏан мехкарий хьоьга хьоьжуш ӏа.
– Цӏе йожа хьо белхан! Иза-м нийсо а ма йац, – цецвелира Мовла. – Ас керста вийча а, со йалсамане воьду, цо со вийча а, со йалсамане воьду. Ткъа иза маца воьду цига?
– Делхьа, ма вон са йу цунна хирг!
– Собардехьа, Зарма, цкъа сан хаттарна жоп далийтахьа цуьнга. Ткъа оцу керстанел дуккха а сийдоцуш къиза нах бу бусалбанашна йуккъехь. Уьш байъича хуьлий гӏазот?
– Хила хьакъ-м дара, амма жайни тӏехь иштта йаздина-м дац.
Мовлас, чам байна, корта хьовзийра.