– Валлахӏ, ва биллахӏ, бара ас, сайн зудчух кӏезий дакхийча хьовха, и дагадеанчу стеган корта, иза стигалах хьекхалуш хиларх, схьа а баьккхина, оцу кӏезашна баор!
– Дуьхьало ца йеш-м, дера, уьш а ма ца ӏара. Паччахь а, цуьнан эскарш а хьалдолчаьргахьа ду. Цара кӏуьраза бойъу дуьхьало йийраш.
– Дуьне дац-кх цара дуург!
– Цул-м, цхьана дийнахь летта делла дӏадовлар гӏоли йу.
– Цхьаннахьа а йац нийсо. Изза дац ткъа кхузахь?
– Со-м шуна цхьаъ дийца гӏертий, – нехан оьгӏазбахар жимма лагӏделла йукъ а лехна, шен хабар дӏадолийра Мовлас. – Ца безара муьжгашна и шайн паччахь а, элий а! Ягор цӏе йолуш цхьа муьжги вара сан доттагӏ. Воккха стаг вара иза. Къона волуш даггара дукхайезаш йоӏ хиллера цуьнан. Элан пурба доцуш зуда йало а, йоӏ маре йахийта а бакъо йацара муьжгийн. Элан пурбане хьоьжуш хӏара шиъ ӏаш, Ягор салт ваьккхина. Салт ваьлла шо а кхачале, цӏера кехат кхаьчна кхуьнга, элан кӏанта лела а йина, хьо тӏехьийзина йоӏ, ша-шех цӏе а тесна, йаьгна аьлла. Салт лелаш ткъе пхиъ шо а даьккхина, цӏа веана иза кхин зуда ца йалош къанвеллера. Цуьнан гӏоьнца ведира со йийсарера. Хьуьнхахь тхойша вовшахкъаьсташ: «Хьо Кавказе кхаьчча, тхан баринан корта баккхалахь. Хьайн ницкъ ма-кхоччу дашо пагонаш йерш байъалахь, жӏаьлеш ду уьш. Ткъа салтий – хьуна гуш долу тхо пекъарш ду», – элира цо соьга.
– Вайнехан мотт хаьара цунна, Мовла? – хаьттира цхьамма.
– Ца хаьара, дера. Гӏеххьачул церан мотт ӏеминера-кх суна.
– Делхьа, дийца, Мовла, шаьш ма-дийццара.
– Иза-м хала доцуш хӏума ду, – Мовлас, массарна тӏехула бӏаьрг а тесна, йиш тойеш йовхарш туьйхира: – «Наш барин Рангал изнаеш?» – хаьттира цо. Тхан эла Рангал вевзий хьуна бохург ду иза. – Йиво башка долой, залатой погон эпсар башка долой. Висе залатой пагон эпсар соббак. Салти, муьжги один биднак». Цуьнан корта а, дашо хьесан кӏужалш йолчу эпсарийн кортош а даха, уьш жӏаьлеш ду, ткъа салтий, тхо санна, цхьа пекъарш бу бохург ду иза.
Шена хуучу оьрсийн маттах дозалла деш, курра нахе а хьаьжна, луьлла йуза хӏоьттира Мовла.
– Ткъа ахь жоп муха лора?
– «Яхши, Ягор, яхши. Висе залатой пагон башка долой бийр бу», – элира.
1. Мовлас вуьйцург Врангель ву