хӏор а денна аравоккхура цо белларш дӏабохка, амма йерриг хало цуьнан йаьӏни тӏе йуьжура. Декъий лийчийна куьйгаш хуьлура, сарралц хи чохь латтийча санна, мажардоьлла. Суьйранна иза цӏа вирзича, дегӏ, гӏаж йиттича санна, лозура.
Хӏетте а, буьйса йуккъе йаха йоллалц охьа ца вуьжура иза. Ладоьгӏура Аьрзугӏар цӏа берзаре. Бутт кхочуш боллу уьш кхузара дӏабевлла, ткъа цунна иза ганза ши бутт бу. Бенахь хиллачу дивано шений, Аьрзуний тӏедиллина декхар кхочушдан ши бутт хьалха Уьстамала вахана Маккхал ши кӏира хьалха вирзинера Муше.
Уьстамала цхьаьна гӏойла ца хилира цаьршиннан. Схьакхаьчначул тӏаьхьа цаьршинна цамоьттучу тайпана чолхе хӏоьттира кхелхинчийн хьал. Шиннах цхьаннан Мушехь саца дийзира, туьпахь цхьа низам а, нахана ӏуналла а латто.
Маккхал кхузахь а сецна,
Аьрзу Уьстамала ца вахийта ши бахьана дара. Цкъа-делахь, дӏакхаьчча туркойн паччахьца а йа цуьнан визирца а дийцарш дан Аьрзуна мотт ца хаьара. Шолгӏа-делахь, мацаллой, баларший бӏарзбина акхабевллачу нахана тӏехь куьйгалла дан собар, доьналла, лаам а болуш стаг ца вуьсура кхузахь, Аьрзу туьпара ваьлча. Маккхал хабарна говза а, масех мотт хууш ӏеламча а, майра стаг велахь а, амма Аьрзугахь цхьа шатайпа гушбоцу ницкъ бара адам тӏедерзош. Цул сов, Маккхал хьалха цкъа Уьстамалахь а хиллера.
Дуккха а ойла йиначул тӏаьхьа, Маккхала сацамбира Аьрзуй, ӏелий туьпахь а витина, Чорица Уьстамала ваха. Амма Аьрзус бохийра и сацам. Ша кхузахь вуьсучу даьлча, цуьнца ӏела хила лиира цунна. Шина вешин дуй биъна ваша вара Маккхал. Чора шен доттагӏ велахь а, ӏела шена уллохь а сацийна, Маккхал Чорица вахийта ца лиира цунна. Маккхална дага хӏума дарна кхийрира.
Маккхал Уьстамалара цӏа кхачале цхьа-ши де хьалха Аьрзу коьртехь итт стаг вахара туркоша нохчашна къастийнчу махке хьажа. Бутт кхоччуш боллура уьш цига бахана. Тховса тӏаьххьалц Аьрзугӏаьрга ла а дегӏна, тоьли чохь ул-улло охьавижира Маккхаллий, ӏелий. Дӏа ма-тевжжинехь, набарш кхийтира кӏадделлачу догӏмашна. Бус-буса шена гуш долу гӏан гора Маккхална тховса а. Генахь бисина даймохк, шаьш махках девлла де. Мухха делахь а, тховса а, йеха зӏе хилла, цунна дуьхьалхӏуьттуш